ПОЗДРАВЛЕНИЕ ГЛАВЫ ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ, ГЕРОЯ РОССИИ Р. А. КАДЫРОВА С ДНЕМ КОНСТИТУЦИИ РОССИЙСКОЙ ФЕДЕРАЦИИ
Дорогие соотечественники! ...



МЕЛ ДОККХА ДЕ ДАРА И!

…Дохура вовшашка кхаьънаш!
Мел доккха де дара и!
Дирзира дагчуьра даьIнаш, 
Севцира ихна бIаьрхиш.

Моьттура дерриге Iалам 
Доьлуш ду хилларг схьагуш. 
Бегира боьссина бала, 
Нахана паргIато луш...
(Рашидов ШахIид)

Эзар исс б1е шовзткъе деалг1ачу шеран депортаци нохчийн къоман исторехь уггара 1аьржа аг1о хилла йисина.
ХIора шарахь керл-керла бакъдерш тIе а кхеташ схьадогIуш ду кхузткъе итт шо хьалха вайн къам махках доккхуш вайн дайшна-наношна гина Iазап. Бераллехь баккхийчийн къамелашка ладоьгIуш башха чевне а ца лорура и – хьажахьа, яа хIума йоцуш, шелоно а, мацалло а гIелбина хилла-кх уьш олий хетара, тIаккха вуззалц хIума а йиина, бовхачу метта хьала а ваьлла дIавижча дицлора… Дуккха а баларш а хуьлура, нах дIабохка а ца ларадора аьлча а тамашийна хетара, тхан бераллин шераш чулаьцначу оцу боццачу муьрехь хIинца санна дукха ца хуьлура тезеташ, я башха тидам ца бо дела хетара а хаац… Амма кху тIаьхьарчу шерашкахь гинчу тIеман халонаша а, лайначу баланаша а кхин а тIе карладохуш, кIаргдеш, гергадалийна вайна а денош…
ХIинца кхечу кепара го, лергашна хезна ца Iаш, сица хаало цу Iаьржачу баланийн хьу…
Кхойтта шо зама… беха некъ…
И шераш-м дуккха а беттанех лаьттий, беттанаш – денойх, ткъа некъаш – чаккхармех…
Оцу дуккха а долчу деношца, бехачу некъаца мел йиш йоьхна, декъаза ойланаш йина хир ю, мел баланаш листина хир бу церан коьрте… Стенга? ХIунда? Йист ян а юй те кху некъан? Нагахь и йист елахь а, мичахь? ХIун хьоьху те кху некъо а, кханалерчу дийно а? Кхин цхьана дийнахь сатоьхча, кхин цхьана сохьтехь собар тоьъча… йохьах ца доха, доьналлех ца хада… Цхьа йист йоцуш хIума хила йиш ма яц… цхьа чаккхе йоцуш некъ а ма бац…
Вовшийн бIаьра хьовса а ца баьхьаш… вовшийн бIаьргашкахь цатешам, дохар гарна кхоьруш… тIаккха и дохар шайга а кхачарна кхоьруш…стешхалло доьналлина тIехь толам баьккхича шаьш хIаллакьхиларна а кхоьруш…
ХIан-хIа, мацалла, шелонна, гIелонна шаьш хIаллакьхиларна кхийрина а хир бац уьш, уггар боккха кхерам, шайн бакъ юьхь ларъян ницкъ цакхачар хилла хир бу церан… Ерриг ойла цунна тIеерзийна а хир ю…
Мичча дигахь а Дела воцчу ца дуьгу вай, вайн эвлаяаш а, устазаш а хьийзийна, махках а баьхна, Дала Шена дукха дезначу халкъана и зен баланаш лур бу аьлла ду, вайн къам Далла дукха дезаран билгало ю вайна тIехIиттина халонаш а бохуш, ойла Далла гергахь латтош, цунах шайна маслаIат дина, шайн дайн синош холчу ца хIитто, царна хьалха юьхькIайн хIитта нигаташ деш гулдина цара шайн собар…Цо царна гIо а дина…
И 1аьржа бала д1аайбеш, Делан къинхетам а, нохчийн къомах дог лозурш догах а хьаьвзина, эзар исс б1е шоввзткъе верх1итталг1ачу шарахь арадаьллачу указо бакъо елла нохчашна а, г1алг1ашна а шайн Даймахка юха а бирзина керла дахар долон.
Эзарнех зерех, халонех чекхдаьлла вайн къам шен амалх ца духуш. Хилла гергарлонаш чIагIлуш, керланаш дузуш, уьйр-марзонаш ца хедаш цIа бирзина вайн дай цигара.. Ца бирзина кхолламо хьистина-м…вовшашка болчу лерамо, безамо хене баьхна-кх… таханлерчу дийне схьакхачийна-кх…

ПЕТИРОВА ПетIамат

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить