ПОЗДРАВЛЕНИЕ ГЛАВЫ ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ, ГЕРОЯ РОССИИ Р. А. КАДЫРОВА С ДНЕМ КОНСТИТУЦИИ РОССИЙСКОЙ ФЕДЕРАЦИИ
Дорогие соотечественники! ...

Чеченский филиал РСХБ с начала года выдал физическим лицам свыше 10 тысяч кредитов

С начала 2018 года Чеченским филиалом Россельхозбанка выда...



Кегийчарах йоьзна ю вайн кхане

1.jpg

К1адо йоццуш алсам т1е1аткъам бан беза вай вешан кегийчу нахана. Хьовса деза вай церан ойланашка. Т1екхуьуш кегийнаш бацахь, къоман кхане хир яц, ткъа кхане йоцу къам, къам а дац. Цундела вай декхарийлахь ду вешан ирсе кхане кхио, аьлча а, Дела реза волчу нийсачу новкъахь вешан доьзал, йиш-ваша кхио. Вайн доьзалш кхио дезаш берш 1едал а дац, я муфтиятан белхалой а бац. Цу 1едал белхалойн а бу шайн доьзалш, иштта муфтиятан белхалойн а бу шайн доьзалш а, дезарш а. Вешан доьзалш вай ваьш кхетош-кхио беза. Цхьаверг хаало вайна юккъехь, шен доьзалхо 1едало кхио веза моьттуш.

Вайна гуш ду, тахана вайн куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен къомана деш дерг. Г1ийлачун, мискачун цо хьоьсту дегнаш вайна гуш ду. Веккъа цу цхьамма кхио безаш бац вайн кегийнах. Тахана а карабо вайна юккъехь шен доьзалхо кхето везаш верг Рамзан ву моьттуш берш. Цу Рамзанан а ма бу шен доьзал. Дера тоьар ду, цу нийсачу новкъа т1ехь ша хиларца цо гойтуш долу масал-м. Вай ваьш нисдала деза вай. Делан новкъахь нисвала даккхий ахчанаш а ца оьшу, бахамаш а ца оьшу, я кхузаман маттаца аьлча «связаш» ца оьшу, вайна оьшург вовшех дашар, дезар ду.

Х1ора к1оштан къеданаша д1ахьуш ду кегийчу нахаца кхетош-кхиоран белхаш. И тайпа белхаш, Куршлойн к1оштан къеда, Хабзиев 1арби коьртехь а волуш д1ахьуш ду.

- 1арби, кху Куршлойн к1оштахь мас маьждиг ду?

- Кхузткъе ялхийтта маьждиг ду, царах берх1ийтта рузбан маьждиг а ду. И дерриге маьждигаш, уггар хьалха Делан лаамца, Цуьнан ницкъаца вайн хьалхарчу паччахьех, Россин Турпалхочух, Кадыров Ахьмад-Хьаьжех (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) даьлла беркат ду и. Цо болийна машаре беркате некъ бахьана долуш стигал кхийда тахана б1енашкахь маьждигийн момсарш. Тахана шен дас болийна машаре нийса некъ д1акхоьхьуш схьавог1уш ву, Нохчийн Республикин куьйгалхо, Россин турпалхо Кадыров Рамзан. Алхьамдулиллах1, Делан къинхетамца деса ца лаьтта вайн маьждигаш. Рузбан дийнахь арахь т1ехь рузба деш карабо вайна вешан бусалба вежарий. Делан къинхетам бу и вайх хьерчаш берг.

Иштта Дала Шен гергара эвлаяаш белла меттигаш а ю кхузахь. Х1ора юьртахь ала мегар долуш зиярташ ду кхузахь. Уьш дерриге а, вайн куьйгалхочо, Кадыров Рамзана тодайтина ду. Цу зиярташна т1едоьлху некъаш а тодайтина, ца хиллаче дахка а дахкийтина. Луларчу ярташкара а, регионашкара а дукха адамаш дог1у тхуна цу зиярташка.

- Вайна хууш ма-хиллара, дезаниг деза дуй хаа а, 1илма оьшу. Иштта,  Дала даздина Сийлахь Къуръан 1амо йиш йолуш, маса хьуьжар ю кхузахь?

- Вайна массарна а евзаш йолу, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолу Исламский Университет ю кхузахь, цул сов, маьждигашкахь а ю ехкина хьуьжарш, цигахь а 1амадо бераш. Боккъал а шаьш 1амош дерг деза 1илма дуй а хууш, цу 1илман к1оргене бевларш а бу кхузахь, иштта хьафизаш а бу. Делан къинхетамца дин даьржаш ду.

- Нохчийн Республикин куьйгалхочо, Кадыров Рамзана юкъаяьккхинчу программица кегийчу нахаца кхетош-кхиорехь д1ахьуш белхаш ду массо к1ошташкахь. Цу аг1ор шу х1ун белхаш деш ду?

- И вуно ч1ог1а дика юкъаяьккхина программа ю. Цо аьтто бийр бу вайн кегийчу нехан ойла йовза а, царна нийсадерг д1ахьеха а. Нагахь вай кхане кхио лууш делахь, вай къона чкъор кхио деза. Царах йоьзна ю и вайн кхане. Уьш вай кхиоре терра хир ю и. Цу программи хьокъехь х1ора школехь кхетош-кхиоран декъехь хьехархой а бу вайн. Цара динах лаьцна а, кхетош-кхиорех йоьзна а, религех йоьзна а, шинне маттахь урокаш йо берашца. Цул сов, динан урхаллин векалш сих-сиха вовшахкхета школехь доьшучу берашца а, ярташкара кегийчу нахаца. Цкъачунна, Делан къинхетамца хьуьнчу вахна а, Шема махка вахна а, я воьду кепаш лелош берш кху к1оштахь бац. Цо гойту Кадыров Рамзана юкъаяьккхина и программа беркате дика программа хиллийла. 

- Х1ара вайн къамел дерзош, вайн кегийчу нахе, махкахошка кхайкхам баран кепехь х1ун эра дара ахь, 1арби?

- Уггар хьалха суна цаьрга ала луург цхьаъ ду, селхане йиц еш ма хилахьара уьш, шайн дас-нанас бохург деш хилахьара уьш. Дас-нанас бохург а дина юьхьа1аьржах1оьттина меттиг гина вац со цхьанхьа. Цара цкъа а хьоьхур дац шен доьзалхочунна вониг. Вай вовшийн дезаш а, дешаш а хилар, и бара и вайн толам а, кхиам а. Везачу Дала вовше дезар а, дашар а, тешар а лойла вайна.

- Мел х1уъу дийцича а, болх дукха бу шун, ткъа хан едда йоьдуш ю… Хьайн белхан хан а йойъуш тхан хеттаршна жоьпаш даларна Дела реза хуьлда хьуна, 1арби!

- Дела реза вайна массарна а хуьлда. Везачу Дала и резаволчу тобанах дойла вай! Дела реза шуна а хуьлда, тхан болх къоман кхетаме буьллуш долчу.

 Вайн баккхийчаша олуш дара: «Селхане йицйеш верг, кханенна вицвелла ву». Керара д1адаьлча бен ца хаьа х1уманан хама, цундела вай тахана вешан керахь болчу машаран, беркатан хама беш хила деза. Тахана санна маьрша леладойтуш ца хилла дин советан заманчохь, х1етте а вайн дайша лелийна и. Цо гойту боккъал а Дела везаш, нийсачу новкъахь хилла уьш. Ткъа тахана вайн аьтто бу маьрша дин лело а, муьлха а ламаз маьждигчохь дан а. Х1ара маршо вайна йоккхуш бакъдуьнена д1аваха вайн хьалхарара паччахь, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Везачу Дала г1азот къобалдойла цуьнан). Иштта х1ара машар вайна боьхуш, дукха до1анаш деш Далла билхина вайн дай. И дерриге вай дицдан ца деза. Нагахь и дицдеш вай делахь, вешан махкахь кошан лахьта а хьарам ду вайна. Кхоьллинчу Аллах1-Дала нийсачу новкъахь нисдойла вай.

Дишни Мурд

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить