Р. Кадыров: Только близкие мне люди знали, что мечеть будет носить имя Пророка (мир ему)
Глава Чеченской Республики Рамзан Кадыров ответил на вопросы журналистов по завершении церемонии открытия самой большой в Европе мечети «Гордость му...



Ламанца ярташ – къонъелла

_юрташ.jpg

«Массанхьа кхачар – х1оранна т1екхачар» – оцу 1алашонца, НР-н арахьарчу з1енийн,  къоман политикин, зорбанан а, хаамийн а министр волчу Жамалдаев Шах1идан омра кхочушдеш, меттигера журналисташ, нехан хьелаш, 1ер-дахар муха ду хаа дагахь, вайн махкарчу массо а к1ошташка а, ярташка а кхача лерина бу. Масех де хьалха, цу хьокъехь болх д1аболош, журналистийн йоккха тоба Куршлойн к1оштахь хилира.

23-чу январехь 2010-чу шарахь Куршлойн к1ошт кхоьллина 75 шо кхечира. Цуьнца доьзна кхузахь – «К1оштан шо» аьлла билгалдина а дара и шо – даккхий даздарш д1адаьхьира. Таханлерчу дийнахь Куршлойн к1ошт – Ножай-Юьртан, Гуьмсан, Шелан, Веданан а к1ошташца доза долуш ю. Цигахь деха адам х1ора шарахь алсамдолуш ду. Масала, 2009-чу шарахь кхузахь билгалвира 115 эзар вахархо, 2012-чу шарахь – 116 442 вахархо, ткъа 2013-чу шарахь – 118 413 вахархо. Шайн комаьршаллица, бертахь хиларца, бусалба дин лелорца, эвлаяаш къобалбеш, церан лерам барца г1арабевлла бу кхузара бахархой. Дуккха а 1илма долу нах, дикачарех хьехархой, лоьраш, поэташ, яздархой, спортсменаш, иллиалархой, турпалхой схьабевлла меттиг ю Куршлойн к1ошт. Къаьсттина дукха бу кхузахь, х1инцалерачу парг1атоне, маьршачу дахаре вайн къам кхачаре сатуьйсуш, Делан дуьхьа шайн синош д1аделла, ц1еначу г1азотехь кхелхина, декъалхилла нах. Царех цхьаъ ву – уггаре а хала хан, нохчийн къам – къам а хилла дуьненахь дуьсу, я дуьне ма-дду, даьржина, 1аьнна д1адоьду бохучу муьрехь, къомана хьалха ваьлла хилла волу, Россин Турпалхо Ахьмад-Хьаьжа Кадыров. Тахана вайн мехкан доладеш, Нохчийчохь бехачу нехан аьттонаш беш, вижар-г1аттар доцуш вайн махкахь баккхий кхиамаш беш схьавог1уш волу Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Российн Турпалхо Кадыров Рамзан а ву кхузара.

Куршлойн к1оштана чу йог1уш, кегий к1отарш а лерича,  20 юрт ю. Царех ах сов ярташкахь хилира тхо цу дийнахь. Массанхьа а – болх беш ишколаш, берийн бошмаш, куьзга санна шера некъаш, ялийна газ, ток, хи, йохка-эцар лелон меттигаш, керла йина х1усамаш, спортан г1ишлош, ч1архаьлла ц1ена урамаш гира тхуна. Деладелла – декхаделла ду кхузара адам. Шайн-шайн белхан меттигаш а ларъеш, болх бан и меттиг хиларх баккхий а беш 1аш  бу кхузара нах. Шаьш ярташкахь хиларе терра, даьхни лелош, лаьтта т1ехь къахьоьгуш нах а дукха бу. Ишта сурт схьагича ч1ог1а хазахета, х1унда аьлча, мел хала хеташ делахь а, цхьаболу нах, болх бан ца лууш, латта лело карах ца долуш, деш-дуьтуш а доцуш, атта дахар лоьхуш, шаьш цхьамма кхаба лууш, г1аланашкахула буьйлабелла лелаш бу. Ткъа Куршлойн к1оштара бахархой шайна Дала деллачух тоам а беш, цу Далла хастам а беш, 1едало шайн бина аьттонаш ган а гуш, цу 1едална муьт1ахь а болуш, шайн х1уманан дай а болуш, яхь йолуш, оьзда нах бу. Г1иллакх а хаза леладо кхузахь, хьаша-да ч1ог1а везаш т1е а лоцу. Ас сайгара дуьцуш дац иза, я цхьамма олуш хезнарг а дац. Сайн шина б1аьргана гинарг ду аса йозане диллинарг. Оцу дийнахь, шайна цхьа деза совг1ат дохьуш веача санна, д1авахханчу юьртахь веза хьаша вой т1елоцура Куршлойн к1оштан ярташкахь бехачу наха со а, соьца волу сан белхан накъост а. Хууш ма хиллара, хьаша-да ларар а ма ду вайн дай г1иллакхех цхьа г1иллакх.

«Эх1, ма хаза ду-кха хьо, дайн г1иллакх, ма хаза ю-кха хьо, оьздангалла, ма хаза бу-кха хьо, Даймохк», – бохуш, суьйренца, тхайна кхузахь гинчух даккхийдеш, кху к1оштан 1о дика а йина, Соьлжа-Г1ала боьдучу новкъа елира тхан журналистийн тоба.

УМАРОВ Халиф

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить