ДIонди-Юьрта бIаьсте кхаьчна

3.jpg

ДIонди-Юрт. Нохчийчохь и цIе хазаза кIезиг нах хир бу. Вайна кест-кеста телевизор чохь го махкахь бевзачу нехан цигахь хилла цхьаьнакхетарш, артисташа цу меттехь яьхна йолу исбаьхьа музыкальни клипаш, халкъан дахарх лаьцна передачаш. Вайна хезна иза музей хилар а, нохчийн хьалха хилла дахар цигахь гойтуш хилар а.
Амма муха, хIун меттиг ю те иза? ХIунда аьлла цунах «ДIонди-Юрт»? Муха кхоллаелла иза? Иштта дара, Хьалха-МартантIе ваха араваьлча, сан коьрте даьхкина хаттарш. Iуьйранна хьалххе новкъа велира со. Музейн деца Сатуев Адамца хьалхо телефонехула къамел хиллера сан таханлерчу цхьаьнакхетарх лаьцна.
«ДIонди-Юрт» Хьалха-Марта гIалин йистехь ю, ГихтIа боьдучу новкъахь. Кевнна тIехула долчу уьнна тIехь даккхийчу элпашца яздина «ДIонди-Юрт» аьлла ду. Адам уьйтIахь вара. Иза юккъерчу дегIахь, ханна 50 шо хир долуш стаг ву, йоца кIайн маж а йолуш. Шуьйра белшаш, ондий меженаш – гIора хаало цуьнгахь. Тхойшиъ вевзинчул тIаьхьа, музейн цIенош а, царна чохь йолу хIуманаш цкъа хьалха дIа а гойтуш, царах лаьцна дуьйцур ду ша, элира Адама, ткъа цул тIаьхьа сан хаттаршна жоьпаш а луш, къамел а дийр ду вай аьлла. Со резахилира.


Музейн уьйтIа ма-велли, Iохкуш кегий а, даккхий а тIулгаш ду – уьш чIогIа тамашийна ду: тIехь, деша а луш, Iаьрбийн йоза дерш а, Iаламехь Делан лаамца бен хуьлийла доцуш, инзаре суьрташ тIехь дерш а, кегбеллачарна юккъехь лахьорчаш (ракушкаш) ерш а. Царах цхьаболчеран Iаламат дукха хан хир ю. И къасто археолог хила а ца оьшу: тIехьаьжча а гуш ду уьш чIогIа шира хилар. Адама дуьйцу тIулгех лаьцна, мичахь, муьлхарниг карийна а олуш. Кху уьйтIара лаха чувуссуш тIулгийн ламеш ду. Царна тIера дIахьаьжча, гобаьккхина лаьтташ гIишлош ю: тIулгех йина бIаьвнаш, тIулгийн къуббанаш, буьйдачу кибарчигех дина кир тохаза цIенош, отеш, тоьла, чардакх, кхалораш. Схьагуш дерг инзаре сурт ду: «Ян а ю хIара-м юрт» – олий, дагадогIу хьуна. Ши гIат долчу тIулгийн цIа чу воьду тхойшиъ. Лахарчу гIат чохь йоккха чоь ю. Чуваьлча, аьтту агIор болчу пена тIехь кхозуш бустамаш тIехь болу нохчийн шира истанг ду. Цунна тIехь, дуьхь-дуьхьал а дерзийна, оьллина ши тур ду. И шиъ чIогIа хаза ду, замано ца талхийна цу шинан бос а, кеп а. Лаьттахь вуно дукха пхьегIаш ю лаьтташ: тIех шира хиларна баьццара бос эцна кегий а, яккхий а кIудалш а, кхийра кхабанаш а, гIумгIанаш а. Царна юххехь лаьтташ цхьана дийнатан инзаре яккхий даьIахкаш ю! Сан тидам царна тIебахнийла а хиъна, Адама дуьйцу: «Суна го хьан цецвалар. ХIара даьIахкаш муьлхачу дийнатан ю Iилманчашна бен хуур дац. Вай-м хIорш цхьана динозавран я кхечу экханан ю эр ду. Хила-м йоккха хIума хиллачух тера ду иза. Со сайн музейна шира хIуманаш гулъеш вуйла хаьа со вевзачарна. Иштта хIара даьIахкаш, каръерехь карийна аьлла хезча, ас, вахана, еана ю. Схьагарехь, цигахь-м оцу дийнатан кхин даьIахкаш а хила мегара, амма, латта тIе а доьжна, дIахьулъелла и меттиг. Латта дIадаккха дукха техника а, нах а оьшу, вайн и таро тахана яц.»
Кхечу хIуманашка хьоьжуш чекхволу тхойшиъ. Терхеш тIехь охьаехкина Iохку вуно шира экспонаташ. Дукхахйолчеран масех бIе а, эзар а шо хила тарло.
Музейн кертахь дуккха а хиш ду: ломахь долчу шовданийн кепехь нисдина, самукъанечу декарца тIулгаш тIера охьаIенаш а, гонах тIулгаш дехкина, кегий айманаш а, хьалайоттаза йолчу бIаьвнна хьалха йоккха айма а, бацалахь девдда доьлху, малхехь лепа татолаш а. Цара йолчунна тIе а хазйо ДIонди-Юрт. Сина а, дегIана а аьхна меттиг ю хIара, хIаваъ а шатайпа цIена ду кхузахь. Хаддаза бацалахь екаш цаьпцалгаш ю, дитташ юккъера схьахезаш олхазарийн зевне аьзнаш ду.
Кхин а масех цIа гойту суна Адама – буьйдачу кибарчигех динарш а, тIулгех динарш а. Царна чохь нохчийн дахарехь хилла дукха хIуманаш ю: шира пхьегIаш, кахьарш, итуш, тIеюху хIуманаш, истангаш, герз, мотт-гIайба, акхаройн цIоканаш. Цхьана цІенна хьалха йолчу жимачу учена кIелахь кхозуш яхаза хьаьжкIаш ю. Дог хьостуш, хьан кийрахь аьхна синхьаам кхуллуш сурт ду гуш дерг.
Ах хьалайоьттинчу бIаьвнна тIекхочу тхо. Цунна гонах дехкина дуккха а тIулгаш ду, шайна юккъехула охьаоьхуш долу хи хьалхарчу йоккхачу айми чу а доьдуш. БIаьвнан пена тIехь цIестан у го суна. Цу тIехь иштта йоза ду: «Нохчийн къоман турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина бIов. Къонах хасто дешнаш тоьар дац. ДIонда.»
Иштта гайтина ДIондас вайн хьалхарчу Президенте Кадыров Ахьмад-Хьаьжига болу шен ларам. И бIов йоха ца лун йолчу Ахьмад-Хьаьжин стогаллин билгалонна лерина ю.
ХIинца вайна хаьа музейн цIе – ДIонди-Юрт – Сатуев Адаман цIарах юйла. ДIонди олу кхунах уллорчара.
– Адам, муха кхоллаелира хьан музей? – хотту ас, музейн кертахула го а баьккхина, уьйтIахь йолчу стоьла хьалха тхойшиъ охьахиъча.
– Со жима бер долуш дуьйна а вара нохчийн шира хIуманаш дезаш, ишколехь историн урокаш къаьсттина дукхаезара суна, вайн, нохчийн, ширачу дахарх а, цхьацца хиллачух а долу хабарш чIогIа хазахетара суна. Лаьмнашкахула ваьлла лелар дезара, цунах чIогIа самукъадолура. Цкъацкъа накъосташца вахча, шира пхьегIа я евзаш йоцу дуккха а хенахь лаьттах яьллина хIума карийча, иза хьехархочунна гайта йохьура ас. Иштта, цу хенахь кхоллаелла хир ю-кх и ойла. Бакъду, иза кхочушъян дуккха а шераш ийшира. Музей хIинца а кхоччуш чекхъяьлла яц, кхин дуккха а болх бу бан безаш. Иттех шо хьалха волавелла со хIара ян. Музейна йоккха меттиг еза, ткъа вайн нахана атта ца лаьа шайн латта дIахеца. Хала а, атта а хIинца вайна гуш йолу меттиг музейна эца аьтто хилла сан. Цхьаберш ца кхета ас лелочух, сох боьлу а хир бу уьш: «Наха цIенош а, бахамаш а вовшахбеттачохь хIара хIун ду а ца хуург лелош ву» – бохуш. Амма суна хаьа айса лелош дерг – суна вайн тIаьхьенна нохчийн сийлахь цIе йита лаьа, вайн дайн хала, амма оьзда дахар гайта лаьа. Цкъа цхьа киншка ешнера ас, «Маьлхан гIала» цIе а йолуш. Иза язйинарг Томмазо Кампанелла ву. ЧIогIа суна дагах кхетта киншка ю иза. Цу тIехь дуьйцу муха хила деза адамийн дахар, муха Iан веза уллорниг лоруш а, везаш а. Хьанал къа а хьогуш, вовшашна гIо а деш, бертахь муха даха деза адамаш гойту цу киншкано. Суна дезаделира цу тIехь дуьйцург. Иштта хазаниг кхоьллича, цунах самукъадолуш нах хилча, ма дика хир дара боху ойла яра сан коьрта чохь. Сайн сатийсамаш, сайн ойланаш кху музей чу яхка гIиртина со дуккха а шерашкахь. Мелла а сайн цу тIехь аьтто хилла аьлла а хета суна. Музей кхолла а, дIакхехьа а атта дац, дуккха а харж ян дезаш гIуллакх ду иза. ХIара еш гергарчара а, доттагIаша а, дикачу наха а гIо деш ца хиллехь, со ларийна а хир вацара. Хьуна ма-гарра, кху кертахь куьйга дукха болх бина. ХIора охьабиллина тIулг а, дIайоьттина кибирчиг а, дIатоьхна хьокха а куьйгашца дина гIуллакх ду. Суна доккха баркалла ала луур дара сайна гIо динчу нахана: пхьерана Солцаев Мохьмадна а, сайн доттагIчунна Чурчаев Салманна а, Ахметсултанов Iумарна а, Садыханова Совдатна а, дуккха а кхиболчарна а. Церан куьйгашца а, ахчанца а дина гIо-накъосталла ца хиллехь, сан ницкъ кхочур бацара хIара дерриг а кхочушдан.
Ас тидам бора Адаман, цо музейх лаьцна дуьйцучу хенахь. Цхьа шатайпа йовхо хуьлура цуьнан бIаьргаш чохь. Гуш дара, мел дукхадеза цунна шен гIуллакх, мел мехала хета цунна иза. Ойла йича, цо динарг инзаре доккха гIуллакх ду – цуьнан ницкъ кхаьчна эстетически агIор вайн историн а, культуран а сурт вайн бIаьргашна хьалха дIахIотто.
– Со дукха сатесна вара кхуза вайн республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан варе. Суна доккха совгIат хилира, эххара иза веача. Музей цунна гайта а, кхунах лаьцна дийца а лууш вара со. Рамзанна хазахийтира музей, къаьсттина бIаьвнашна реза вара иза. Оха бинчу белхан лаккхара мах а хадийра цо, ахчанца гIо дийр ду а элира. Хьуна гина хир ду кевнна юххехь дIатоьхна долу Рамзанний, сой тIехь волу сурт, ткъа доккхачу цIа чохь а, арахьарчу агIор цуьнан пена тIетоьхна а ду кхин шиъ а. Уьш вайн Президент музей веана волуш даьхна ду.
Вайн артисташна а, телевиденехь болх бечарна а езаелла хIара меттиг. Кест-кеста музыкальни клипаш яха а, передачаш кечъян а богIу уьш кхуза. Ала дашна, хаза а хуьлу кхузахь йина съемка. Усманов Iимран а, Ахмадова Амина а, Айдамирова Аймани а, кхин дуккха а берш а хилла кхузахь съемкашкахь. Суна хазахета кхузахь и болх беш, хIунда аьлча телехьовсархойн аьтто хир бу музейн гIишлош а, кхузара Iалам а ган. Кхуза хьовса церан дог догIур ду аьлла а хета суна.
Сатуев Адама хьегна къа зе дайна дац, иза Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо а, Нохчийн Республикан сийлахь гражданин а ву, цул сов, Къилбаседа Кавказан юкъараллин а, гуманитарни а организацийн сацамца Нальчикехь елла «Кавказан сий» цIе йолуш мидал а ю цуьнан.
БIаьстенан эсала малх бара ДIонди-Юьртан бIаьвнийн баххьех хьекхалуш, шен сирла зIаьнарш кху исбаьхьчу кертахула дIасаяржош, со дIаваха хьалагIаьттинчу хенахь. ТIаьххьара бIаьрг туху ас кху синтеме а, дагна аьхначу а меттиге. ДIаваха дог а ца догIу кхузара – сел чIогIа шена тIеийзош ю хIара исбаьхьа беш.
Кертара араваьлча, кевнна уллехь пенах тоьхначу уьнна тIера йоза кхин цкъа а доьшу ас, хьалха чувогIуш айса тидам бина хилла долу: «Музей-парк. Нохчийн культурин хьоста». Иза нийса ду. Нохчийн дахаран бух гайтина ахь кхузахь, ДIонда. Дала аьтто бойла хьан!

Арсанукаев Муса

Чтобы комментировать данный материал Вы должны Войти или зарегистрироваться на сайте