КАДЫРОВ АХЬМАД-ХЬАЬЖА – НОХЧИЙН КЪОМАН БАКЪОНИЙН ПАЧХЬАЛКХАЛЛИН БУХБИЛЛАРХО

1464621004 1744762381Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьненна а, нохчийн халкъана а Нохчийн Республикин хьалхара Президент а, Россин Федерацин Турпалхо а хиларца вевзаш ву. Иштта, дуьненаюкъарчу терроризмаца а, экстремизмаца а жигара къийсам латтийна хиларца а вевза и. Цул сов, Масхадов Аслан Ичкерин Президент волчу муьрехь (цу хенахь иза Муфти вара) республикин куьйгалле кхаьчначарна юкъахь нохчийн халкъан а, Ислам-динан а мостагIий хилар дIакхайкхинарг а и ву. Тахана Ичкери а, Масхадов Аслан а воцуш а, исторехь «хилла хиларца» бен бух болуш а вац. Делахь а, иштта, вайца Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а вац…

Амма иза исторехь «хилла хиларца» вевзина ца Iаш, нохчийн дуккха а дегнашкахь а, иэсехь а вехаш ву. Дехаш ду цуьнан «ТIом бан хаар дуьненна а гайтина вай, ткъа хIинца вайна даха хууш хилар а гайтий вай?!», «Нохчийчохь машар нохчийн халкъе бен балур бац!», «Цкъа а сайн халкъах шек хилла вац со!», «Россин а, Нохчийчоьнан а «къовсаман» бух нохчийн халкъалахь а ца лоьхуш, Москвахь лаха беза!», «Сайн халкъо бинчу муьлххачу а сацамца чекхверволуш ву-кх со!», «Ма яхийша федеральни кхаа салтичо бIе нохчи эшош волу кинош. И кхо салти иштта чIогIа хилча, Нохчийчохь 100 эзар салтичух лаьтташ долу федеральни эскаран дакъа хIун деш ду?»...

ХIан-хIа, нохчийн халкъана хаза луург ца дуьйцура цо, нохчийн халкъан дагахь дерг дуьйцура. Иза ишттий бен хуьлийла а дацара, хIунда аьлча, нохчийн халкъо лайннарг лайна а, цо «Iаьвшинарг Iаьвшина» а вара иза.

Ткъа тахана, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вайца воцу 13 шо дIадаьллачул тIаьхьа, вай хьовсур ду иза нохчийн къоман бакъонийн пачхьалкхаллин бухбиллархо санна вовзийта.

Хууш ма-хиллара, 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь нохчийн халкъо референдумехь тIеийцира Нохчийн Республикин керла Конституци. Оцу Конституцин проект Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хIоттийна яра.

Цу тIехь, цхьа а шеко йоцуш, билгалъяхна дукха къаьмнех лаьттачу нохчийн халкъан а, нохчийн кхачам боллуш йолчу пачхьалкхаллин а бакъонаш. Кхузахь цхьаболчеран хаттар кхолладала мега: «Россина юкъайогIуш йолчу Нохчийчоьнан хIун пачхьалкхалла хир ю?!» аьлла. Оцу хаттарна жоп далале билгалдаккха деза Росси федераци а, Нохчийчоь республика а хилар.

ХIета хьовсур вай муха билгалйоккху республика Россин Федерацин Конституци тIехь а, Нохчийн Республикин Конституци тIехь а.

Россин Федерацин Конституци; 1-ра КОРТА. Конституцин дIахIоттаман баххаш; 5-гIа статья, 2-гIа дакъа

«Республикин (пачхьалкхан) шен конституци а, законодательство а ю…»

Нохчийн Республикин Конституци; 1-ра КОРТА. Конституцин дIахIоттаман баххаш; 1-ра статья, 1-ра дакъа

«Россин Федерацина юкъайогIуш а йолуш, демократин бакъонийн пачхьалкх ю Нохчийн Республика».

Нохчийчоь Россина юкъайогIуш елахь а, шен пачхьалкхалла йолуш хилар гучудели вайна лакхахь. Ткъа пачхьалкхаллин, хууш ма-хиллара, шен билгалонаш ю: доза, байракх, герб, мотт, дIахIоттам, и.дI.кх.а. Лахахь вай дуьйцур ду Нохчийн Республикин пачхьалкхаллин билгалонех лаьцна. Аьлча а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин проектаца тIеэцначу Конституци тIехь къастийначу а, тIечIагIйинчу а пачхьалкхаллин билгалонех.

Нохчийн Республикин Конституци; 1-ра КОРТА. Конституцин дIахIоттаман баххаш; 10-гIа статья, 1-ра дакъа

«Нохчийн Республикехь нохчийн а, оьрсийн а меттанаш пачхьалкхан ду»

Цо гойту Iедалан кхеташонашкахь а, суьдехь а, муьлххачу кехата тIехь а, урамехь а, чохь а, йохк-эцарехь а, спортехь а, экономикехь а, кхечанхьа а нохчийн а, оьрсийн а меттанаш, цхьатерра бакъонаш а йолуш, лело йиш хилар. Лелаш буй-баций бохург кхин хаттар ду, амма лело бакъо-м ю.

Нохчийн Республикин Конституци; 3-гIа КОРТА. Нохчийн Республикин пачхьалкхан дIахIоттам; 59-гIа статья, 1-ра дакъа

«Нохчийн Республикин статус къастош ю Россин Федерацин Конституцица а, Нохчийн Республикин Конституцица а. Нохчийн Республикин статус цуьнгара бакъо а йоцуш хийца йиш яц».

Оцу декъаца Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дихкина Советийн Iедална чIогIа тайна хилла долу «ловзарш»: республиках цкъа округ, юха область еш, тIаккха цуьнгара латтанаш дIасадекъар, дозанаш хийцар, и.дI.кх.а.

Латтанаш хьаххийначуьра билгалдаккха догIу оццу 59-чу статьян 2-гIа дакъа (иза оцу хаттарна лерина ду).

«Нохчийн Республикин а, Россин Федерацина юкъайогIучу кхийолчу субъектийн а дозанаш уьш резахиларца бен хийца йиш яц»

Нохчийн Республикин Конституци; 3-гIа КОРТА. Нохчийн Республикин пачхьалкхан дIахIоттам; 61-ра статья

«Россин Федерацис ша а, Россин Федерацис а, Россин Федерацин субъекташа а юкъахь кхочушдечу декхаршца а догIуш доцучу гIуллакхашкахь Нохчийн Республикин Конституцин а, Нохчийн Республикин законийн а, Нохчийн Республикин кхидолчу бакъонийн актийн а буха тIехь нийса а догIуш, лелаш ду (коьрта ду) Нохчийн Республикин пачхьалкхаллин Iедал».

Оцу статьяс Нохчийн Республикин Iуналлехь дуьту пачхьалкхан меттанаш хIитторан, республика кIошташка  екъаяларан, республикин герб, байракх, гимн хIотторан, пачхье къасторан, Конституци тIехь хийцамаш баран, республикин законаш тIеэцаран гIуллакхаш.

Нохчийн Республикин Конституци; 4-гIа КОРТА. Нохчийн Республикин Куьйгалхо; 68-ра статья, 14-гIа дакъа

«Нохчийн Республикин Куьйгалхочо дIа а хIиттабо, даржера мукъа а боху Россин Федерацин субъекташкахь а, кхечу пачхьалкхийн субъекташкахь а болу Нохчийн Республикин векалш»

Оцу статьяс гойту Нохчийн Республикин векалш Россин Федерацин субъекташкахь хилла ца Iаш, кхечу пачхьалкхийн субъекташкахь а хила йиш хилар. Иза Iаламат мехала а, оьшуш а хIума ду, хIунда аьлча, нохчийн халкъан векалш дуьне ма-дду дIасабаьржина бу. Ткъа шаьш дехачу пачхьалкхашкахь шайн Даймехкан векал хилар царна а, Нохчийн Республикина а бегIийла хIума ду.

Оццу 68-чу статьян 8-гIа дакъа (81а ду юкъадогIуш).

«Россин Федерацин кхочушдаран органийн Нохчийн Республикехь йолчу урхаллийн хьаькамийн даржашка хIитто къастийначу кандидатийн декъехь барт бо Нохчийн Республикин Куьйгалхочо федеральни кхочушдаран органашца».

«Россин Федерацин Генеральни прокуратурас Нохчийн Республикин прокуроран дарже хIотто къастийначу кандидатан декъехь барт бо Нохчийн Республикин Куьйгалхочо».

И ши статья бахьана долуш, Нохчийн Республикехь йихкина ю Усманов Iимрана нохчийн матте яьккхина хиллачу «Свадьба в Малиновке» кинокомеди чохь «шуна эшахь а, ца эшахь а, со шуна ваийтина керла хьаькам ву» аьлла, гайтина хилла йолу «сценка».

Нохчийн Республикин Конституци; 5-гIа КОРТА. Нохчийн Республикин Парламент; 80-гIа статья, 4-гIа дакъа

«Нохчийн Республикин Парламентан хьалхара кхеташо схьа а йоьллу, Парламентан Председатель харжжалц дIа а хьо ханна уггаре а воккха волчу депутата».

Кхузахь гучудолу Кадыров Ахьмад-Хьаьжа политикехь а, нохчийн халкъан пачхьалкхаллин бух кечбарехь а (йиш йолчехь) Нохчаллех ца воха гIиртина хилар.

Нохчийн Республикин Конституци; 6-гIа КОРТА. Нохчийн Республикин Правительство; 94-гIа статья, 2-гIа дакъа

«Шен декхарашца нийса а догIуш, Нохчийн Республикин Правительствос тIеэцна болу сацамаш ерриге а Нохчийн Республикехь ницкъ болуш а, кхочушбан безаш а бу».

Оцу статьяца нийса а догIуш, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента «меттигерчу сепаратизмана» некъ дIакъевлина. «Меттигера сепаратизм», хууш ма-хиллара, Ичкери йолчу муьрехь Хьалха-Мартан а, Теркан а, Невран а, Шелковски а кIошташкахь лелла ю – Соьлжа-ГIалано бина цхьа а сацам къобалцабарехь гучудолуш дара и.

Нохчийн Республикин Конституци; 7-гIа КОРТА. Суьдан Iедал, прокуратура, адвокатура, нотариат; 99-гIа статья, 2-гIа дакъа

«Нохчийн Республикехь судопроизводство оьрсийн маттахь дIахьо. Амма суьдехь дакъалоцучеран шайн ненан маттахь шаьш а, талмажехула а къамел дан а, гIуллакхан материалаш шен ненан маттахь йовза а бакъо ю».

Нохчийн Республикин Конституци; 8-гIа КОРТА. Меттигера шайн урхалла; 110-гIа статья, 1-ра дакъа

«Меттигерчу шайн урхалло Iуналло до муниципалитетан бахамна, вовшах а туху, кхочуш а йо меттигера бюджет, меттигера налогаш хIиттайо, юкъараллин къепе ларйо, иштта, муниципалитетан тIегIанехь долу кхидолчу гIуллакхашна терго а йо»

Лакхахь мел йовзийтинчу статьяша а, церан дакъоша а довзуьйту Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Федерацин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Нохчийн Республикин Конституцина ша кечйинчу проекта тIехь нохчийн халкъан а, нохчийн дукхакъаьмнех лаьттачу халкъан пачхьалкхаллин а ойла йина хилар.

 

Ислам  ХАСАХАНОВ

Чтобы комментировать данный материал Вы должны Войти или зарегистрироваться на сайте