ХАЛКЪАНА МАЬРША НЕКЪ ГАЙТИНАРГ

sknews.ru

Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цуьнан дахар, цуьнан кхалхар. Цунах лаьцна яздан волавелча, материалаш кегон ваьлча, кегийна а веравоцуш, хьакъдоллуш дукха язйина цунах лаьцна. Амма сан, тептарш а ца кегош, цхьамма язйинарш юха яздан а ца г1ерташ, сайна иза гарехь, сайна вовзарехь, (салам луш вевзаш ца хиллехь а, цуьнан къамелашка дукха ладийг1ина ву со) яздан сацам хилла.

Халкъана т1е боккха бала а боьссина, иза х1аллакьхила герга даханчу заманчохь, Дала цунна, шегахь ондда хьекъал а, 1илма а, ницкъ а болуш волу къонах воссаво. Халкъана нийса некъ гайта, иза тилделлачуьра меттах1оттон а. 

Нохчийн къоман исторехь дуккха хилла майралла а, доьналла а долуш болу къонахий, шайн мохк, халкъ лардан а, церан дуьхьа шайн синош д1адала кийча а болуш. Мехкан къонахий хилла болу Шайх Мансур, Таймин Бийболат, Зандакъара 1аьлбаг-Хьаьжа, Бенойн Бойсаг1ар, Харачойн Зеламха, иштта кхиберш а – цхьа а, къанваллалц ваха а ваьхна, меттахь, гонаха хьийзаш безарш а болуш, кхалхар хилла вац.

Цара 1ожалла т1еэцна къийсамехь а болуш, мостаг1чун карах. Кхечу кепара 1ожалла царна оьшуш а ца хилла, цара Аллах1е йоьхуш а ца хилла. Ишттачу къонахийн мог1арехь ву Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а. Дуьненчохь яьккхинчу йоццачу хеначохь хиллачу цуьнан дахаран новкъахула «волавелча» гуш ду иза мел къегина, сирла хилла.

Ахьмад-Хьаьжин дахар гуттар а хилла нохчийн халкъаца доьзна. Уггаре а жоьпаллин муьрехь, адам 1ехаделла, г1елделла, цуьнан хирхаьддачу, иза, кханенга тийса са а, меттиг а йоцуш дисинчу заманчохь, Ахьмад-Хьаьжин доьналла кхечира халкъана хьалха а ваьлла, цунна маьрша некъ гайта.

1995-чу шарахь г1аланаш, ярташ отуш, къена а, къона а, зуда а, бер а, т1ом беш верг, воцург а ца къестош, бомбанаш, яккхий тоьпаш вайна т1ееттачу хенахь а хилла иза шен халкъаца цхьаьна. Ахьмад-Хьаьжина, ша хьекъале стаг хиларе терра, цу хенахь а хууш дара Росси мел онда пачхьалкх ю, цуьнца машарехь дахар г1оле дуй.

«Хьалхара т1ом» чекх а баьлла,  цул т1аьхьа д1адаханчу 2-3 шарахь гучуелира халкъана хьалхабевллачийн ямартло. Уьш ца хиллера халкъана парг1ато яккха г1ерташ, халкъан дуьхьа къахьоьгуш. Уьш хиллера шайн кисанаш дузуш, лакхара даржаш дохуш, маршонах, динах байракх а йина, халкъ х1аллакдеш. Ахьмад-Хьаьжина иза ма-дарра гуш дара. Иза дуьхьалвелира вайна оьшуш йоцу идеологи йохьуш еанчу, халкъ доькъуш йолчу ваххабистийн тобанна. Цунна хаьара халкъана оьшург маьрша, парг1ат дахар дуй. Эццахь дуьйна гучуевлира цуьнан лаккхарчу т1ег1ана т1ехь йолу вовшахтохараллин амалш.

Хиллерий техьа иза, жима волуш дуьйна, ша халкъана хьалха а ваьлла, цунах жоп дала кийча а волуш, цуьнан баьчча хила 1алашо йолуш? Цу хаттарна вайга жоп далалур дац, амма дуккха а хиндерш-м хаьара цунна. Иза гуш ду цуьнан къамелашка, кхайкхамашка ладоьг1ча. Мухха делахь а, шолг1а т1ом болабалале дуьйна Ахьмад-Хьаьжа, халкъо билгал а ваьккхина, къоман баьчча вара. Цо массарна а хезаш д1ахьедира: «Ичкерин куьйгалхоша д1ахьош йолчу политико Нохчийчу юха а т1ом балорна кхерам бу», аьлла. Цунна хаьара ша юьхьарлаьцна некъ шена а, шен доьзална а кхерам болуш буй, амма юхавала дагахь вацара иза. Цхьаъ хууш аьлла хиллера цо: «Со сайн халкъ к1елхьардаккхаран новкъа ваьлла ву. Суна хаьа сайга цу т1ехь толам баккхалур буйла. Со цависа а там бу. Амма х1инцале а суо толамхо хета суна».

1011 5103 7469 0434 600x267Цуьнан коьрта 1алашо – Нохчийчуьра т1ом чекхбаккхар яра. Цо олура: «Со т1ом сацо г1ерташ вац. Со т1ом чекхбаккха г1ерташ ву».

Цу т1ехь цунна накъостий оьшура. Уьш цунна карийра, уггар хьалха шен к1ант Рамзан а волуш. Ткъа иза шен дас аьлларг дина вала а кийча вара.

Доьхна, даьржина халкъ вовшахтохар шен коьрта декхар хетара Ахьмад-Хьаьжина. Цу т1ехь цо болх а бира. Т1ом боьдучу чолхечу заманчохь, иза муьлххачу инарлина а, эпсарна а т1евоьдура. Оьшучохь човха а вора, мел к1оршаме хиларх, ала дог1у дош а олура. Дуккха а ярташ йоха ца йойтуш к1елхьара ехира цо. Т1емалой хилла дуккха а к1ентий, кхета а бина, х1аллак ца хуьлуьйтуш, шен команде сехьабехира.

Тахана санна дагадог1у НТВ каналехь «Дешан парг1ато» олучу передачехь цо дина къамел. И тайпа, ша бакъ вуйла а хууш, майра къамел дан цу заманчохь, ондда доьналла а, къонахалла а оьшура. Цул т1аьхьа, нохчийн къоман цуьнгахь болу тешам б1озза совбелира. 

Историс гойтуш ду: муьлхха т1ом, мацца бирзина а машарца д1абоьрзуш бу. Амма машаран мах тайп-тайпана хуьлу. Ахьмад-Хьаьжин 1алашо машарах мах нохчийн къоме мелла а к1езиг балийтар яра. «Тоьар дац вайн къомо б1ешерашкахь 1енийна ц1ий? Даха хьовсий вай?» – олура цо.

 Россин лаккхарчу 1едалан белхахошца тайп-тайпана яра Ахьмад-Хьаьжин юкъаметтигаш, амма Россин пачхьалкхан Президент Путин Владимир Ахьмад-Хьаьжех тешара.

Цунна гуш дара иза шен халкъах дог лозуш, шен къам доггах дезаш араваьлла хилар. В. Путина т1аьхьо эр ду: «Ахьмад-Хьаьжица мел дукха къамел дарх, цуьнан къамел хьаьвззий шен къомана г1олехь долчунна т1едоьдара.

Иштта к1ант кхиийначу къоман лерам ца бойла а дац».

Ша бахьанехь шен къам ларийтина волчу стагах вуьззина къонах ала дог1у.

Ахьмад-Хьаьжин деган лазам цхьаъ бара – Нохчийчоьнан хиндерг. Ша д1аваьлча, ша д1аболийна некъ хадарна кхоьрура иза. Х1аъ, Рамзан-м вара цунна уллехь, ден дегайовхо. Амма иза жима волун дела, сиха хиларна кхоьрура-кх.

2004-чу шеран 9-чу майхь вайн халкъана боккха бохам т1ебеара. Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь толам баьккхина 59 шо кхачарна леринчу Парадехь Делан мостаг1аша эккхийтар а дина, Ахьмад-Хьаьжин кхалхар хилира. Дала г1азот къобалдойла цуьнан а, цуьнца цхьаьна кхелхинчу к1ентийн а.

Вай лакхахь багарбинчу мехкан къонахийн мог1арехь велахь а, Ахьмад-Хьаьжин цхьа башхалла ю. Уьш берриге а къийсамехь кхелхина бу, ткъа Ахьмад-Хьаьжа оцу къийсамехь толам а баьккхина, шен къам парг1ат а даьккхина, цунна нийса, машаре боьду некъ билгал а баьккхина кхелхина ву. Цундела иза заманан йохаллехь цкъа а вицвийр вац халкъо.

Ахьмад-Хьаьжас д1ахьош хилла байракх тахана схьа а лаьцна, леккха хьала а айъина, д1ахьош цуьнан к1ант Рамзан ву.

Ша Нохчийн Республикин Президент х1оьттича, уггаре хьалха цо куьг та1ийна документ пачхьалкхан къоман политикин Концепцин хьокъехь дара. Цу т1ехь билгалдаьккхина ду Нохчийн Республикехь дехаш долчу дерриге а къаьмнашна экономически, культурни кхиарна хьелаш кхолла дезар. Цо т1еч1аг1до нохчийн халкъан лаккхара оьздангалла гойтуш йолу, Нохчийн Республикехь дехаш долчу къаьмнашца  бертахь даха лууш йолу, амал хилар

Ткъа Рамзана махкана динарг а, деш дерг а, дийцина а веравоцуш, дукха ду.

Суо Шелара хиларе терра, суна, цуо тхайн г1алахь динарг дийца лаьа.

Шена чохь 50 эзар сов бахархой а болуш, вайн республикехь, Соьлжа-г1алий, Гуьмсей д1аяьлча, кхозлаг1а лоруш ю Шела-г1ала, бараме хьаьжча. Нохчийчоьнна юккъехь 1уьллуш йолу иза, шена чуьра 5-аг1ора арадовлуш некъаш долуш ю. Шен исторехь, географически хьал бахьана долуш, Шела дукхазза йохийна ю мостаг1аша.

XIX-чу б1ешарахь Кавказан т1ом болуш, коьрта т1емаш Шелана гонаха хуьлуш хилла. Шелара д1абуьйлалуш хилла къоман маршояккхарца боьзна болу дукхахболу г1аттамаш.

1994-2000-чуй шерашкахь хиллачу т1емашкахь бомбанаш етташ даккхий зенаш дира Шелахь.

2013-чу шарахь д1абуьйлабелира Шела-г1ала юхаметтах1отторан белхаш.

Ян йолийра «Шали-Сити» ц1е йолу комплекс, шена чохь шишша 12, 14, 16 г1ат долу г1ишлош а, юкъаметтехь 21 г1ат долу, нохчийн б1аьвнийн кепехь йолу г1ишло а йолуш. Цунна чохь хьешийн чоьнаш а, чекхсагуш йолу ресторан а ю. Г1ишлойн лаьттабухарчу декъехь йина могашалла меттах1отторан комплекс ю, шена чохь зударийн а, божарийн а къаьстина йолу СПА-кхерчаш а долуш.

2018-чу шеран 11 майхь, юхаметтах1оттийна г1ала схьайоьллуш, доккха дезде хилла д1ах1оьттира Шелахь. Цига веана Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан вара, шеца цхьаьна НР-н Парламентан Председатель Даудов Мохьмад а, Правительствон  Председатель Эдельгериев Абубакар а, кхиболу накъостий а болуш.

Хьешашка маршалла а хаьттина, Шелан к1оштан администрацин куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-1елас дийцира Шелахь бинчу балхах лаьцна:

- Тодаран белхаш а бина, меттах1иттийна бахархойн 837 ц1а, махлелоран 157 объект, керла бина махлелоран самукъадаккхаран кхерч, чохь йийбар а, массо а оьшу г1ирс а болу, яккхий уьйт1енаш а йолу, 219 ц1а долу поселок. Иштта, 20 км некъаш тодина, 8 км г1ашлойн некъаш дина, 12 км хидог1у бирг1анаш хийцина, б1еннаш синтарш, зезагаш доьг1на, г1алин юккъехь сада1аран меттиг (парк) кечйина, урамашка серло йигна, керташ йина, кевнаш дина. Цул совнаха, т1аьхьарчу 2-3 шарахь 3 эзар сов доьзална ц1енош дина, керла школаш, берийн бошмаш йина. Динадала герга дахана ду, Кавказан жовх1ар хилла д1ах1уттун долу доккха маьждиг.

Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира, бина болу белхаш боцурш, лаьтта бухахула йигна коммуникацеш а хилар.

Шела меттах1оттош жигара дакъалацарна совг1аташца билгалбехира: «Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана» мидалца Шелан к1оштан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-1ела, «Баркаллин кехаташца»: Шела юхаметтах1оттаяран штабан куьйгалхо Тумхаджиев 1ийса, к1оштан администрацин куьйгалхочун заместительш Адуев Лом-1ела, Масаев Ильяс. 

Г1аларчу къаношца цхьаьна «ц1ен аса» хада а йина, урамашкахула волавелира Кадыров Рамзан.

- Х1ара юьхь бен яц, т1аьхье кхин а дика хир ю вайн, Дала макъ лахь, – элира цо, бинчу белхашна резахиларца.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу юкъараллин фондо яийтина цхьа эзар вилспет елира Шеларчу берашна.

                                                                 

СУЛЕЙМАНОВ Абубакар

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить