ДЕЛАН ХIУСАМАШ АЛСАМ ЙОВЛУШ Ю

IMG 1869 КопироватьКъаноша даима а олуш дара: «Буьйса йовш д1адолу селханлера де, 1уьйренца садаьржаш т1едог1у керла де декъала ца деш ца 1а» олий. Юха цу дешнийн маь1на деш олура цара: «Массо а х1ума Делера дуйла хаалаш. Хьо миччахь велахь а, муьлхачу хенахь а, массо а х1уманна Далла хастам белахь. Хила йиш йолчуьнга хьажча вайн дахар вуно сирла а, парг1ат а, маьрша а ду хьуна». Нохчийн къам махках доккхуш, Нана-Дег1астанахь т1емаш долуш дина къамелаш ду уьш. Я цу хенахь динан парг1ато а ца хилла. Юьртара, юьрта а оьхуш жама1ат латтош хилла цара. Цу белхан ойла йича, цаьргахь хиллачу ийманан а, собаран а доза вайга къаста а ца ло. Цаьрга кхача-м, дукхе-дуккха гена дара вайна, делахь а, тардала г1орта деза вай. Тахана вай и дерриге а т1амца даккха дезаш а дац, лелийчахьана дин лело дерриге а хьелаш долуш ду вайна. Жама1ате х1отта юьртара юьрта-м х1унда дуьйцу, урамера ураме вийла а ца оьшуш дина даккхий, хаза маьждигаш ду. Ша къаьстина яцахь а, муьлххачу а маьждигчохь хьуьжар ю. Иштта хьафизийн школаш ю. Тодина зераташ ду. Хьаьж ц1а боьду некъ маьрша бу. Дин кхайкхо парг1ато ю. Цу дерригенах а хьоьгуш баьхна вайн сий долу дай. И дерриге а Деле хьесталуш дехна цара вайна. Церан до1анна жоп делла кхаьчна ю вайга х1ара парг1ато. Нохчийчохь оццул маьрша доллушехь, Делан а, бусалбанехан а мостаг1ех 1ехалуш кегийнаш карабо вайна. Ткъа иза ла ца даллал новкъа ду. Вайн баккхийчара олура: стаг шен х1усамехь а, дашехь а стаг хила везаш ву, осалалла а йоцуш», – олий.

Итт шо а, я б1е шо а дац Хьалха-Мартан к1оштан Гихта йиллина. Вайн къам махках даьккхинчу хенахь кхечу яртийн санна «Горное» аьлла ц1е хийцина хилла цуьнан. Амма къам шен махка ц1адирзича хьалха хилла ц1е меттах1оттийна цуьнан. Цунна уллехула охьадог1учу «Гихта» хин ц1арах тиллина ю цуьнан ц1е. Вайн къам махках доккхуш Кишин Кунта-Хьаьжица (Дала къайле ц1инйойла цуьнан) цхьана махках ваьккхина ву Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан воьалг1а да Бенара Илес. Бакъду, юха шен махка верза ирс ца хилира цу. Сибреха кхалхар нисделла цуьнан. Амма цуьнан лахьте верзар декъала хилира. Вайн Хьаьжас (Дала къайле ц1инйойла цуьнан) шен куьйга д1аверзийна ву иза. И хаам Нохчийчу беанарг вара Хьаьжин (Дала къайле ц1инйойла цуьнан) мурид волу Гихтара вахархо Коврнакъ. Цу Коврнакъе болчу лерамна вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Илесан ц1арах маьждиг дайтира Гихтахь. Юрт кхоллаелчахьана оццул доккха совг1ат хилла яцара Гихта. Цу беркатечу г1уллакхна Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. баркаллаш бохуш бу Гихтара баккхийнаш а, кегийнаш а. Д1адаханчу шеран январь баттахь дан долийра маьждиг. IMG 1828 Копировать

Дала Шен ц1арах ц1е хуттуш вазвина ваийтина Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) винчу денна лерина схьадиллира иза. Дуьззина цхьана шарахь а ца 1ийра маьждиг деш. Вайн республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобал дойла цуьнан) ма-аллара, «Мокхазан билгало» яра и маьждиг ц1еначу даггара, Делан дуьхьа хьаналчу рицкъанца дина хилар. Делан х1усамаш яран болх дика карабирзина волчу Эдильгириев Амруддих тешийна дара иза дар Рамзан-Хьаьжас. Республикин Куьйгалхочун шех хилла тешам ца байъира Амруддис. Билгал йинчу хенахь, Делан пурбанца, дина далийтира маьждиг.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу региональни юкъараллин фондан чоьтах дина ду иза.

Маьждиг схьадоьллуче баьхкина бара: Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а, Къилба седа Кавказан Федеральни округан 1елимнехан кхеташонан председатель Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа а, Нохчийн Республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа а, Кунта-Хьаьжин т1аьхьенах волу Сайфутдди а, Белхороев Бат1ал-Хьаьжин т1аьхьенах волу Белхороев Ибрех1им а, Нохчийн Республикин правительствон туризмехула йолчу комитетан председатель Эдильгириев Амрудди а, Российн Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, правительствон а Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад а, Соьлжа-Г1алин мэр Кадыров Ислам а, Нохчийн Республикин правительстван предедателан хьалхара заместитель Тумхаджиев 1ийса а, Гихтара къаной а, иштта кхиберш а.

Маьждиг схьадоьллуш хьалха дош делира Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьже. Цо элира:

– Тахана вай цхьанакхетар Дала беркате дойла. Ойла йича, ойла йина ца валлал доккха х1ума ду таханлерчу дийнахь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана деш дерг. Цхьа а шеко йоцуш, шен къоман дуьхьа къахьоьгуш ву иза. Везачу Аллах1-Дала Рамзан-Хьаьжас шен къоман дог ма-хьасттара, Дала цуьнан дог а хьостийла. Доккха совг1ат ду таханлерчу дийнахь гихтахошна Рамзан-Хьаьжас динарг. Шеко йоцуш, динан орамаш Нохчийчохь де-дийне мел долу даьржаш а, ч1аг1улш а ду. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас болийна некъ, шеко йоцуш, нийса хилар а, беркате хилар а, денна т1еч1аг1луш ду вайна. Везачу Дала т1аьхье беркате йойла вайн.

Цул т1аьхьа вистхилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан:

IMG 1738 Копировать– Х1ара таханлера деза де деккъа Гихтарчу бахархошна хилла ца 1аш, массо а бусалба стагана а деза де хилла д1ах1оьттина. Гена ца яьлла вай жама1атан ламазе х1итта а ца даьхьаш лелла хан. Тахана Дала Нохчийн къомах боккха къинхетам бина, Цуьнан ницкъаца, пурбанца вай схьадоьллуш ду керла маьждигаш, ширанаш тодина, хьуьжарш йина. Шеко йоцуш, дин ч1аг1луш даьржаш ду. Т1екхочуш Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) винчу денна вай схьадиллира Белхороев Бат1ал-Хьаьжин ц1арах маьждиг, ткъа кхушарахь Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) винчу денна лерина схьадиллина Бенарчу Илесан ц1арах маьждиг. Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) винчу денца юьртахой а, махкахой декъалбира Кадыров Рамзана. Баркалла элира билгалйинчу хенахь, т1ехдика болх а беш, маьждиг дина далийтарна Эдильгириев Амруддина.

Шен дашехь Кунта-Хьаьжин т1аьхьенах волчу Сайфутддис билгалдира, Бенара Илес т1аьххьалц шен усиазаца Кунта-Хьаьжица (Дала къайле ц1инйойла цуьнан) хилла хилар. Мел халонаш т1е1иттаяларх уьш вовшех къаьстина ца хилар.

Цул т1аьхьа Нохчийн Республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас до1а дира. Д1адолийра зуькарш. Маьждиг схьадиллича дуьххьара цу чохь гулбеллачара массара а цхьаьна рузба дира. Хут1ба доьшуш, хьехам бинарг вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьехамча Шахидов Адам. Шен хьехамехь цо дийцира Мухьаммад Пайхамарах (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)лаьцна.

Ши эзар гергга квадратни метар майда д1алоцуш ду маьждиг. Шовзткъе ворх1 метр лекха йиъ момсар ю цу маьждиган. Цу чохь пхи эзар сов стеган жама1атехь ламаз дан аьтто хир бу. Б1е ткъе ялх люстра ю цу чохь. Уьш х1ора а дешица варкъ даьккхина ю. Ткъа уггаре а йоккха люстра цхьа тонна ши б1е кийла ю, и люстра къагош, цу т1ехь ши б1е цхьа чиркх бу. Иштта цу чу лаьцна ю езачух к1айн мармар.

Дишни Мурд

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить