Вайн кхиам – вовше дезар

IMG 2342 КопироватьОьрсийн цхьа кица ду-кха: – «Цхьаъ ша майданахь т1емало вац» олуш. Вай дерриге а дуьненна д1ахаийтина бусалба нехан барт буйла а, уьш дуккха а буйла а. Вайн вовшийн барт бохо г1ертарг шен къомалахь, доьзалахь барт боцуш вуьсур ву. Кху маьлхан дуьнен т1ехь цхьанне пачхьалкхехь хилла бац Нохчийчохь бина санна гулам. Б1аьрго ма-лоццу лаьтташ адам дара. Царах цхьаллиг цхьаъ нуьцкъаша д1ах1оттийна а вацара, я кхайкхина веана цхьа а вацара. Цу гуламехь лаьтташ берш беккъа Нохчийчуьра бахархой хилла ца 1ара, цигахь бара Россин регионашкара а, иштта кхечу пачхьалкхашкара а баьхкина бусалба вежарий а, йижарий а. Мостаг1чунна хиъна хир ду ша лелориг эрна дуйла а, хьекъале доцийла а. Къам муьлхачу динехь делахь а, пачхьалкхан векалш хьекъало хьийзош белахьара цу къоман бахархоша шайгара и ледара х1уманаш довлуьйтур дацара.

Нохчийчохь хиллачу цу боккхачу гуламехь дакъа лоцуш Нохчийчуьра 1едалан а, динан а векалш боцурш, Россин регионашкара а, кхечу пачхьалкхашкара а баьхкина векалш а бара. Цу гуламехь хьалхара дош делира и адам вовшахтоха 1алашо а, лаам а хиллачу Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане:
 – Хьоме доттаг1ий, со тахана корта айбина ву, суо Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматах хиларна. Вай тахана кхузахь вовшах кхетта ду, Делан Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сийсазвеш суьрташ дохкучу нахана шаьш нийса доцийла а гойтуш, и тайпа х1уманаш вай могуьйтур доцийла а хоуьйтуш. Х1ара гулам беккъа Нохчийчохь болчу бахархошна аьлла бина бац, иштта х1ара цхьаьнакхетар кху маьлхан дуьнен т1ехь мел волчу бусалба стеган ц1арах дина ду. Кху тайпа гуламаш бусалба пачхьалкхашкахь хилла а ца 1аш, массо а пачхьалкхашкахь ала мегар долуш хилла бу. Оха и карикатураш ехкинарш а, уьш яхка дагадеанарш а, цу хьокъехь уьш нийса хеташ берш а, уьш берриге бехке бо. Францин 1едална шаьш цхьа доккха х1ума дина моттахь, цара динарг доккха х1ума дац, хьекъална эшнарг а шайх воьлу х1ума ду цаьргара даьлларг. Тахана царна т1е п1елгаш хьежадар алсамдевла. Уьш хаамашкахь а, интернетехь а г1арабовларх, дикачу аг1ор г1ара ца бевлла. Делан дин сийсаздеш верг милла велахь а, оха и бекхам ца беш вуьтур вац. Ас массаьрга а д1ахоуьйту, цу аг1орхьа еш йолу забарш чекхъевриг цахилар.
Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан вистхиллачул т1аьхьа дош делира 1елимстаге, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) т1аьхьенах волчу Джифри Шейх 1еле:
 – Х1ай Делан Элча Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салам-маршалла ду хьоьга нохчийн къомера. Х1ара х1ун къам ду аьлча, хьо шайна гина а воццушехь, хьо везаш, хьан суннаташна т1аьхьадозуш долу къам ду х1ара.
 Ша шен бусалба вешега Рамзан-Хьаьжега олу, «Къуръанан г1уллакххо» аьлла ц1е йолуш ву хьо хьайн. Шена хаьа хьо Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дукхавезаш вуйла. «Къуръанан г1уллакххо» аьлла йолчу хьан ц1ар т1е кхин цхьа ц1е а тоха лаьа суна, 1аднанан тайпанах схьаваьлла хилла волчу Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) г1оьнча ву хьо. Хьуна «Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) г1оьнча» аьлла ц1е яла лаьа суна. Х1ай сан лераме ваша Рамзан-Хьаьжа, вай д1адевлча вайна кхочундерг паччахьалла а дац, бахамаш а бац, ши метр латта бен. Бакъду, цу дийнахь ахь эхарте хьондерг, Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьалха дуьллундерг тахана ахь бина хилла болу х1ара сийлахь гулам бу хьуна. Аллах1-Деле доьху ас, тахана ахь хьегна хилла долуш долу х1ара къа къобалдар. Иштта Аллах1-Деле доьху ас, дикачу х1уманна т1ехь, нийсонна т1ехь хьан аьтто баккхар. Аллах1-Дала къобалдойла ахь Къуръанна деш долу накъосталла, г1уллакх: маьждигаш дар, хьуьжарш яр, зераташ тодар, Аллах1-Дала Элчан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) г1уллакххо аьлла хьо д1ах1оттар Дала беркате дойла. Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) г1иллакх хилла-кх шена дукхавезачунна оба луш. Иштта цу г1иллакхца х1ара оба ло ас хьуна.
Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) т1аьхьенах волчу 1елимстага Джифри Шейх 1елас совг1атна Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна еза ц1е а, оба а елира.
Шега дош делча вистхилира Росси пачхьалкхан муфтин председател Гайнутдин Равиль:
 – Таханлерчу дийнахь беккъа цхьана Россин пачхьалкхера бусалба нехан тидам хилла а ца 1аш, иштта кху маьлхан дуьнен т1ера массо а бусалба нехан тидам т1ебирзина кху исбаьхьчу Нохчийчуьра урамашка. Вай массо а Делан Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) везий хаийта даьхкина ду. Цуьнга болу вешан безам д1агойтуш. Цу карикатурашна а, иштта дин хьокъехь деш долу хьаштдоцучу къамелашна а вай дуьхьал хилар цхьа а шеко яц. Вайн йиш яц, цхьанне къоман дин охьата1о а, цу динца забарш ян а. Ткъа къилба малхбузехьа, бусалбанах бертахь хиларна реза яц. Царна хаьа, цу нахана шайн дуьхьалбаккха цхьанне а кепара ницкъ боцийла. Цундела дехко санна м1араш-м къийзайо цара. Таханалерчу дийнахь боршачу стага, боршачу стаге маре а до церан, иштта зудчо, зудчуьнга а. И нах бу уьш вай динна цхьаъ ала г1ертарш.
Иштта кхуьуш т1аьхье а ю церан. Ткъа Ислам динехь машар буйла хаьа царна.
Иштта цуьнца нийсо юйла а хаьа. Ткъа царна машар а, нийсо а, низам а ца деза. Цу аг1орхьа харцонца санна, дуьненан рицкъа ца даккхало. Цара хаьржинарг эхарт дац, дуьне ду. Сан хьоме бусалба вежарий, йижарий, шуна хаьа дахаран мах дика. Халонаш дукха лайна аша. Бакъдуьнена д1авахна вайн бусалба ваша, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобал дойла цуьнан). Цо схьакховдийначу нийсачу новкъахь деха шу тахана. Лело ма-деззара леладо аша бусалба дин. Цундела шу тахана кху безачу гуламна вовшахкхетта. Дела реза хуьлда шуна. Тахана дуьненан йиъе маь11ехь сийлахь евзаш ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1е а, цуьнан к1ентан Рамзан-Хьаьжин ц1е а. Лераме Рамзан-Хьаьжа, тахана хьан къамеле дозаллийца ладуьйг1ира оха, иштта массо а бусалбачу стага. Оха лерам бо хьан, тхуна веза а веза хьо. Ахь дина диканаш мел дийцарх а кхачалур дац. Хьайн къомана а, иштта Россин пачхьалкхана а дуккха а пайда бина ахь. Везачу Дала латтавойла хьо тхуна.
 Цу боккхачу гуламе кхайкхина бара кхечу динан векалш а. Иштта цигахь дакъалоцуш вара Соьлжа-Г1алин а, Махачкалин а епископ волу Варлаам а:
 – Маршалла ду шуьга массаьрга а. Тахана керста динан векалш а дуьхьала бу цу наха лелочунна. Кхузахь вовшахкхетта бу тайп-тайпанчу динан векалш. Уьш берриге а дуьхьала а бу цу наха бусалба нехан сийлаллин т1е куьйгаш кхийдорна, аьлча а, динан сийлалла шаьш сийсазйо бохуш хьоькхучу къоламна а, дечу къамелашна а. Вай даима а цхьана хилла а ду, хир долуш а ду. Цаьрга вайна юккъе питана далур ду бохург аьттехьа а дац. Вай лелош долу дин тайп-тайпана хиларха, Дела вайна массарна а цхьаъ ву. Суна доккха баркалла ала лаьа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна цо дечу г1уллакхашна. Суна цкъа а ца гина ша бусалба вара бохуш кхин долу дин цо охьате1ош. Вай вовшийн г1о-накъосталла деш хила дезаш ду. Нагахь вай иштта хилахь, вайна цхьа а кхерам бац.
 Къилбаседа Кавказан бусалба нехан координационни центран председател волу Бердыев Исма1ал а вара цигахь:
 – Тахана кхузахь вовшахкхеттарш беккъа нохчий хилла ца 1а. Россин регионашкара баьхкина а ца 1аш, иштта кхечу пачхьалкхашкара баьхкинарш а бу кхузахь. Уьш цхьаллиг цхьаъ нуьцкъала валийна вац. Иза гуш а ду. Массо а шайна Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) везарна баьхкина бу. Ткъа и сийсазван г1ертачарна шайна т1ееъна сийсазалла. Цхьанна дагадан там бу, бусалба динна т1ехь х1унда леладо цара иза аьлла, церан боьхачу амалшна дуьхьала дерг бусалба дин бен дац, цундела царна иза ца деза. Вайн дин лардан оьшуш дац, х1унда, Дала Шен Сийлахьчу Къуръан чохь аьлла: – «Баккъала а, Къуръан Ша доссийна ду шуна. Ша лардийр а ду иза».  MG 0801 копия Копировать Къилбаседан Кавказан Федеральни гонан 1елимнехан кхеташонан председател волу Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжа а вара цу гуламехь. Шен могашалле ца хьоьжуш и гулам чекхбаллалц 1ийра иза цигахь. Ишттачу суьрто гойту бусалба нехан Делан дине а, Мухьаммад Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а болу безам. Мехала дешнаш элира цо цигахь:
 – Тахана вай гулделла меттиг цхьана заманахь набахти лаьттина меттиг ю. Цу набахтехь вайн дайн кортош аьхьна. Ткъа х1ун бехк хилла церан кортош аххьал? Дера хилла Дела цхьаъ вар, Цуьнан Пайхамар Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бакъвар. И хилла-кх церан бехк. Кхин нахана хьовзамаш беш бехк-м ца хилла церан. Дин дезар а, и лелор а бен. Хьовсал, лераме бусалба вежарий, йижарий, «Шена лиънарг деш ву Ша» бохучу Дала, Шен хьикматца, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин беркатца, Рамзан-Хьаьжин хьуьнарца Ислам динан центр хилла д1ах1оьттина х1ара. Ас воккхаверца баркалла олу тахана, шех халкъ теша а дина, цу халкъан тешам шен жимачу дег1аца д1ахьуш волчу вайн республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзан-Хьаьжина. Везачу Дала 1алашвойла иза. Бусалба дин, машаран дин ду иза. Кхинйолчу пачхьалкхашца юкъаметтигаш ларъеш, цхьанне къоман сий дайа ца г1ерташ, шен сий лар а деш схьадеана ду бусалба дин. «Лаилах1а-Иллаллах1» аьлла Шен ц1арах ц1е а х1оьттина, ялсамани не1арш т1е шен ц1е а язйина волчу Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ц1е бехъян г1ерташ бу и Делан мостаг1ий. Амма, цунах г1уллакх хир дац. Цуьнца цара гойтург шайн бахкабеллачу орамт1ера кхиъначу дитто белла стом бу. Кхин х1умма а дац иза. Амма, цхьабакъду, цхьанне динан сий а дайъалур дац, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сий а дайъалур дац цхьаьнга а. Дайъалур ду бохуш верг кхоччуш 1ехавелла ву. Уьш Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сий дайъа мел г1ертарах, мелхо а цуьнан сий лакхадер ду. Ша дуьненчу вале хьалха а хилла цуьнан сий-ларам лакхахь. Уьш бусалба динан сий дайъа мел г1ерта барт ч1аг1луш айлур ду цуьнан сий. Вайна гуш ду тахана цхьанхьа д1авахана ца хьаьжча а, вайн маьждиге схьа а оьхуш дуьллуш долу ийман. Бусалба дине боьрзуш болу нах. Цу кеппара дуьненчохь массо маь11ехь бусалба дин даьржаш ду, даьржар долуш а ду. Тахана цу Францехь хьалха санна демократи елахьара церан 1едало и зуламан дай совцор бара. «Шу къаьмнийн барт бохош ду, шу цхьана зуламна арадевлла ду» аьлла. Вайн Паччахьо Путин Владимира саца ма-яйттара сацийна хир яра цара и харцо.
 Бусалба нахана шуьйра вевзаш а, везаш а волу Г1алг1ийчуьра 1елимстаг Чумаков Хьамзат а веанера цига. Иштта иза шайн Г1алг1ийчохь хиллачу гуламан декъашхо а вара. Цигахь ша хиллера аьлла ца 1аш, шена дукхабезаш болу шен бусалба вежарий болчу, Нохчийчу веанера иза. Шен рог1ехь иза а хилира вист:
 – Везачу Аллах1а вайн вовшахкхетар Шен дуьхьа дойла. Везачу Аллах1а вайна Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дукхавезар совдоккхийла. Везачу Аллах1а вайна дукхавезачу Мухьаммад Пайхамарца (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ялсаманичохь цхьана нисдойла вай. Везачу Аллах1а вайна уггаре а дика Пайхамар Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ваийтина. Мухьаммад Пайхамаро (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Сайн вежарий ган шовкъ ву со. Уьш гаре сатуьйсуш ву со». Т1аккха цуьнан асхьабаша (Дела реза хуьлда царна) аьлла: – «Х1ай Делан Элча, шаьш дац хьан вежарий?». Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) жоп делла царна: «Шу дац шен вежарий, шу шен асхьабаш ду. Ша б1аьрга гина а воцуш ийман диллина болу, ша дукхавезаш хилла берш бу шен вежарий» аьлла. Тахана мостаг1аша и суьрташ дахкар новкъадеана берш бу уьш Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вежарий. Везачу Аллах1а Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) везачех дойла вай. Вай Аллах1ан дуьхьа ч1аг1о ян еза, цу Элчан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннаташна т1ехь тасалур ду аьлла. Нийсачу новкъахь даима хир ду аьлла. Вайн Элчан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ц1е сийсазъян г1ертачарна Аллах1а кхел йойла. Цунна х1ума ала дагадеанчунна Аллах1а кхел йойла. Вайн Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сийсазван г1ерташ верг Аллах1а сийсазвойла. Вайн Элчан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) мостаг1ий, Делан мостаг1ий бу уьш, Дала кхел йойла царна.
 Цу беркатечу цхьанакхетарехь хьекъале дешнашца вистхилира Нохчийн Республикин муфти Межиев Салахь а:
 – Дала дуьненчу даьхначу сифатех лакхара сифаташ шеначохь гулдинарг ву иза. Цул хаза цхьа а вац. Цул ч1ог1а Делах кхоьруш цхьа а вац. Цо санна Дела хьехийна цхьа а вац. Цул майра хилларг а цхьа а вац. Цул ийман долуш цхьа а вац. Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) и ву-кха иза тахана вай вовшахкхетар бахьана хилларг. Тахана вай, Аллах1-Дела теш а волуш, Делан маликаш теш а долуш, Делан пайхамарш теш а болуш, Делан эвлаяаш теш а болуш, вай вовше теш а долуш, вай олу-кх – Хьо дукха веза тхуна, тхайн синойл а, дог1мел а, дегнел а, доьзалел а. Везачу Дала бакъо толайойла вайна.
Дерриге а маьлхан дуьне 1адош, бусалба нехан б1аьрг белхош, дегнаш делхош д1абаьхьира цу карикатурашна дуьхьала Нохчийчохь хилла болу гулам. Бусалба наха юха а массарна а д1ахаийтина барт буйла а, хир буйла а. Нохчийчохь санна боккха гулам цхьанхьа а хилла а бацара. Цо йоккха лар юьтур ю исторехь. Кхоьллинчу Аллах1-Дала вовше дезар а, дашар а лойла вайна. Дала Ша резаволчу нийсачу новкъахь нисдойла вай.

  Дишни Мурд