Стигалахь кIайчу мархаша нека до

stado_ovec_pole_pastuh_1920x1200.jpgIуьйранна дукха хьалхе самаваьккхира бабас Анзор:

– Дага, хьалагIаттал бабиниг, хьо жие ваха везаш ма ву тахана.

 – ХIаъ, дика ду, баба, со хIинцца хьалагIотту, – сиха хьала а иккхина, шен хIуманаш тIеозийра Анзора. Цунна дагадогIу, сийсара арахь левзинчул тIаьхьа хIара чувеача, дас шега аьлла:

 – Тховса хьалххе дIавижа, кхана Iуьйрре гIаьттина, жие гIур ву хьо.

 – Дика ду, дада.

Дадега хIумма а ала хIара ваьхьар вацара, ша цомгуш велахь а, я дог ца дагIахь а, ша ма вахийта кхуо эр дацара. Ледарло ялийтар чIогIа иэхье хIума ду, олура дадас. Къонах гуттар а сема а, дечу гIуллакхна кийча а хила веза. Буьйсанна хан яллачу хенахь: «ХIей!» - аьлла неIартIе веанчуьнга: «Йовай!» – аьлла, дуьхьал вистхила кийча хила веза къонаха, хьоьхура цо. Цуьнан хьехарш Анзора дика схьалоцура, уьш схьалоцуш ца хилча-м дас могуьйтур а дацара.

Цундела ша самаваларца, ур-аттал юьхь-куьг а ца дуьлуш, араиккхира кIант. Малх хьалагIатта айабеллера, цуьнан аьхна зIаьнарш диттийн баххьашна а, цIенойн тхевнашна а тIехула сихъелла евдда йоьлхура. Керла де декъалдеш санна, зевне декачу олхазарийн эшарш яра бешара схьахезаш. ХIара шайн жоьла йолчу вахара. Дада хIинцале араваьлла, уьстагIашна юкъахь цомгашниг а, лазийнарг а буй хьожуш вара.

 – Дага, юьртах араваьлча, уьстагIий басошкахь дажа а дай, делкъанна Органан тогIи чу диссор ду ахь, хьалха вайшимма ма-дажжора, хезин хьуна? Ледара ма хила. Хьайна яа хIума а хьо, арахь сиха мацло. Вало цкъа юьхь-куьг дила, хьо-м дика сама а ца ваьлла моьтту суна.

Анзор сиха уьйтIехьа дIахьаьдира. ГIуммагIа чуьра охьа а дуттуш, юьхах хи тоьхна хIара воллушехь, нанас чукхайкхира кхуьнга, хIума яа вола аьлла.Сиха тIоберамца хьокхаман цхьа юьхк а кхаьллина, бабас: «Дага, чай мала, чай!» – боххушехь, араиккхира кIант. Дадас уьстагIий аралаьхкинера. ХIинца шайнаш а, лулахойнаш а цхьаьна а тоьхна, эвлана гIеххьа генахь йолчу басошка дажо ваха везара Анзоран.

 – Деллахь, Ваха, и бер-тIорза жиэ а хьажийна, паргIатдевлла, вай муха Iийр ду? – элира Анзоран дега шайн уьстагIий дIалахка араваьллачу лулахочо Дауда.

 – Цуьнан хенахь вайшиъ жиэ а, дечиге а ихина дицделла хьуна? Кху аьхка цхьайтта шо кхочу цуьнан, жиэ ца вахийттал жима вацара иза-м, – элира Вахас.

Анзорана ца хезара церан къамел, иза сихвелла уьстагIий вовшахтухуш воллура. Кхеран куьпара массеран а аьлла уьстагIий дара кхунах тешийнарш – тахана жен рагI АнзоргIаьргахь яра. КIант воккхавера дас сел жоьпаллин гIуллакх шена тIе дилларна. Тахана хIара ша вара жиэ воьдуш, хьалха-м деца вахар нислора гуттар а. ХIинца бераш каникулашкахь дара, кхуьнан шортта мукъа хан яра.

 Жимма кхуьнца дIа а волавелла:

 – Бердана дукха юххе ма дахийталахь уьстагIий, цхьаъ чубожахь, цунна тIаьххье кхин масех а чуэккхар бу хьуна, – элира дас.

 – Дика ду, дада, со хьожур ву хьуна, – жоп делира кIанта.

УьстагIийн луьста луьйзучу когийн тата а, церан Iехар а дара хезаш, цара новкъахь гIеххьа яьккхинчу чена юккъехула Анзор схьавогIуш. Кхуьнан карахь коьжалг яра. Дадас чIогIа леррина лелайора иза, шен дех, Анзоран дедех, йисина ю бохуш, безам хеташ.

 – Яйа ма яйалахь хIара, ларъелахь. Эрна уьстагIашна тIаьхьа а ма кхиссалахь, – элира дас, коьжалг схьа а кховдош. Шина а куьйга леррина дегара гIаж схьаийцира кIанта.

 Малх гIеххьачул хьалаайабелла богIура Анзор, жа лаьллина, басешка дIакхаьчча. Цхьа наггахь лаьтташ хьечийн а, акхачу кхорийн а дитташ а, хьамцийн а, эльхьаьмчийн а кондарш а йолуш, тайна меттиг яра кхузахь ерг. УьстагIашна дика дежийла а яра хIара. Уьш-м схьакхачарца бацана тIелетира, йоккха меттиг схьалаьцна дIаса а даьржина.

 Анзор уьстагIашна гонах лелара, уьш дукха гена дIаса ца довлийта. Ши-кхо де хьалха догIа деана хиларна, арара буц дика тоеллера, царна шортта яа хIума яра. Харст-харст дора цара сихделла буц цоьстуш, шаьш цунна тIера дIалахка кечвелла цхьаъ волуш санна. Наггахь цхьана жийно, корта хьала а ойий, «бIаь- а-а» олий Iаьхий, шен Iахар тIебоьхура. Кхечу уьстагIашна юкъахь бисина Iахар, шен ненан аз а девзий, цунна тIебодура.

 Берда йистехь лаьттачу кхуран дитта кIел охьахиира Анзор, шен куртка а, яахIума чохь йолу тIоьрмиг а бай тIе охьа а биллина. Эсала мох хьаькхира

лаьмнаш долчу агIорхьара схьа. Дитташ тIера гIаш шабар-шибар дан дуьйладелира. Механ тулгIе марсаяьлча, гIаша йоккху гIовгIа а алсамйолура. Цуьнан терго еш Iара кIант, диттан гаьннашка хьала а хьоьжуш. Эххар а мох дIасецира. Берда йисте а хIоьттина, Органан тогIи чу а, гонахарчу лаьмнашка а хьоьжуш лаьттара хIара. Хаза сурт дара гонах гуш дерг. Кхунна шена а ца хаьара, шен дагахь хIун ойланаш гIуьтту сел исбаьхьа Iалам гуш. ХIара жима вара цуьнан мах хадо а, цунах кIорггера кхета а. Амма кхуьнан ойла акхайоккхура гуш долчу суьрто. Генахь долчо тIеийзавора хIара: «Хьуьлла лаьмнаш тIехьа хIун ду те? Цига ваха йиш хилча, ма дика хир дара…»

 ТогIи мел ю шен хин генаш дIасадаржийна догIура Орга. Цуьнан хи тIехь маьлхан зIаьнарш ловзура. Кхузара, лакхара, чухьаьжча, хин гIовгIа ца хезара, иза, цхьана гIода чохь а доцуш, кегийчу гаьннашка дIасадекъаделла хиларна.

 Малх нийсса тIехула, стигалан нартолна юккъе нисбеллера. ХIинца цуьнан йовхо къаьсттина чIогIа хаалора, IиндагIа кIелара дIаваьлча-м муххале а. УьстагIий диттийн, кондарийн IиндагIашкахь къайладовла гIертара. Iуьйранна дуьйна даьжна долу уьш дика дуьзнера.

 – ХIинца хи тIе гIур ду вай, дукха дахарш, – элира кIанта цаьрга, ша бохучух уьш кхетар долуш санна.

 «ХIайц! ХIайц!» – бохуш, берда тIера тогIи чу вуссу некъ болчухьа шен коьжалгаца уьстагIий дIалоьхкура цо. Кхузахь, берд раз хадош баьккхина, машен а, трактор а хьала-охьа ялалур йолуш шуьйра некъ бара.

 Бердах чудиссина уьстагIий генахь доцуш догIучу хина сихонца тIехьаьвдира. ЛегIанчу берда тIера атта дара царна хи мала. Цхьадерш хи чу девллера, тIехьа тIегIертачара чутеттарна. Анзор, сихха тIехулара хIуманаш, схьаяьхна, охьа а кхиссина, хи чу велира. Кхузахь хи кIорга дацара, кхунна гIодаюккъалц бен ца догIура иза. Хино жима Iахар дIатакхо мегара, жена хьалха иза нисбелча, цундела уьстагIашна уллехьа а вахна, хи чохь сецира кIант. Органан хи шийла дара, амма малхо дохдинчу дегIана там бора цо. Хи чу ветталуш, цинцаш дIасадетташ, самукъадаьлла воллура Анзор. Цхьадолу уьстагIий, хи молчуьра совца а севцина, кхуьнга хьоьжуш лаьттара.

Хина дуьхьал а воьрзий, чукхеташ, некан тIамарш тухий, дехьарчу берда тIе воьдуш, юха хи чуьра хьала а волий, водий, хина лакхахьа а волий, чуэккхаш, луьйчуьра кIант. Иза хьалха а дукхазза а хиллера кхузахь шен накъосташца. ХIара луьйчу меттиг кхунна дукхаезачех цхьаъ яра.

 «ЭхI, гуттар а аьхке латтахьара, мел дика хир дара тIаккха. Денна а лийча эха йиш хир яра, – ойла йора кхо хина йистерачу йовхачу гIамарна тIехь ша Iуьллуш. – ТIаккха вай долчохь Iа хир а дацара. Дуьненчохь дуккха а бу бовха мехкаш. Школехь географин урокехь Раиса Вахаевнас ма дийцира тхуна царах лаьцна. Телевизор чохь гойтуш хуьлу иштта меттигаш. Кестта дадас тхуна а оьцур ю телевизор. ХIинца-м луларчу ДаудагIеран бен куьпахь цхьаннан а ян а яц иза… Вуьшта, гуттар а йовхо лаьтташ хилча, Iа хила а ма ца хуьлу. ТIаккха салазаш, конькеш хахкар а дIадолу. ХIан-хIа, дерриг а ша ма-дарра дисича дика хир ду».

 Хи меллачул тIаьхьа уьстагIий IиндагIашкахьа дIадуьйладелира – лакха тIехь санна, тогIи чохь а дара дитташ а, коьллаш а. КIордадаллалц лийча а лийчина, хи чуьра хьалавелира кIант. ХIинца ша мацвелла хилар хааделира цунна. Шен хIуманаш тIе а юьйхина, уьстагIий долчухьа дIавахара иза. Уьш гена доцуш Iохкура, хIинца малх лахбала болабаллалц садаIа йиш яра церан.

 Шена нанас кечбина кIадин тIоьрмиг схьабаьстира Анзора. Цу чохь хьокхам а, кIалд а, сийна хохаш а, наьрс а, помидор а, кхо пирянг а, масех кампет а, ангалин шиши чохь кхехкийна шура а яра. Ша вуззалц хIума йиира кIанта. Жимма садаIа мегар дара кхуо а, жа цхьана меттехь Iуьллуш долччуьра. Шен куртка кIедачу баца тIе а тесна, цу тIе охьавижира иза. Диттан IиндагI дара кхунах хьакхалуш тIедоьжна, амма цо новкъарло ца йора стигал ган. Лаьмнийн баххьаш тIехь йийшина Iаьхкина кIайн мархаш хIинца къилбаседехьа нека деш яра. Сийначу стигалхула меллаша дIайоьлхура уьш. Царна тIехь бIаьрг сацийча, хаалора уьш хийцалуш, керчаш хилар. Мархашка хьоьжуш Iуьллучу кIантана царех цхьацца суьрташ хIуьттура:

 «Хьуьллерниг тхан боккхачу жийх тера ю, цул тIаьхьа йогIург бере тIехь волчу говрах, важа цхьа оьпа санна ю… Ма хаза ду цу стиглахь! Адамаш, олхазарш санна, тIемадевлла лелалуш хилча, ма дика хир дара. Iалелай! Дуьненан муьлххачу а маьIIе дIавахалур вара-кх со, сан тIемаш хилча. Сайна стигалхула лела кIордийча, цхьанхьа охьавуссур вара. Масала, Африкехь. Цигахь пийлаш а, крокодилаш а, лоьмаш а, маймалш а ма хуьлу. Цхьа лом я кхин экха суна тIехьаьдча, со, парт-аьлла хьалакхоссавелла, тIемавер вара. ХIа-хIа, схьалаца со, шайга лацалахь. ЭхI, ма дика хир дара тIема лелаш…».

Иштта суьрташ хIиттош Iачу кIантана наб кхийтира. Цхьаммо шена муьшка еш а хааделла, хьалаиккхина, кIегархиира хIара. УьстагIий, кхунна гонах а гулделла, лаьттара. ТIоьрмиг чуьра кхуьнан бисина хилла хьокхам а, хох а наьрс а дIайиънера цара.

 – ДIадовла кхузара! Стенна гулделла шу суна гонах? ХIайц! ХIайц! – аьлла, уьстагIий дIакъахкийра цо.

 Малх лахбелла богIура. ХIинца жа тогIи чуьра гу тIе хьалалалла дезара. Шен хIуманаш лаьттара схьа а эцна, уьстагIий некъа тIе лахка волавелира Анзор.

Некъа тIера кегий жагIа дIаса а кхуьссуш, гух хьаладоладелира жа. Делккъалц ша дажийначу майдана тIе а далийна, юха лакхахьа, лаьмнаш долчу агIор, дIадоладалийтира кIанта иза. Хьалха санна, шайна хьалхара буц сиха хедаеш, дажа дуьйладелира уьстагIий.

 Малх чубуза гергабаханера, цуьнан цIен чара анайистах хьакхаелла йогIура. ХIинца жа цIехьа дерзо а мегар дара. Коьллашна юкъе бахана уьстагI тIаьхьа ца бисийта схьа а эккхош, жа цIехьа дерзийра кIанта. МаьркIажан хан хуьулш яра иза цIа кхочучу хенахь. Куьпара лулахой арабевлла лаьттара, кхуо уьстагIий урамехула схьадалочу хенахь.

 – Хьажал, хьажал, уьстагIий гIийла-м дац. Дика дажийна кIанта.

 – Ойн, Анзор, хьо-м вахийта мегар долуш хилла жиэ.

 – Дукха ваха хьо, Анзор. Дела резахуьлда хьуна! Ма дика кIант кхиийна хьан дас-нанас, – бохуш, хIара хеставора цара.

 Анзорана эхь хетара ша цара хестош. Сихха лулахошна юккъехула чекхвала лаьара цунна. Эххар а шайн кетIа кхечира иза. Кхунна дуьхьал араяьлла лаьттара бабий, наний. УьстагIий дIадиллина лаьттачу дечиган кевнехула уьйтIа хьаьвдира. Цигара дас уьш жоьли чу лаьхкира, леррина цаьрга хIоранга хьажа а хьожуш.

 – Баба яла хьан, Дага. Ма кIадвелла хир ву хьо. Оцу хьан лартIехь воцчу дас вита-м ца вити хьо жиэ ца вахача.

 – ХIумма а дац, баба. Со кIад ца велла.

 Цу шинна мара а кхетта, кел чоьхьа велира Анзор.

 Нанас чIепалгаш динера. Дада волчу цунна яахIума а, чай а дIа а даьхьна, Анзор а, цул жимахдолу ваший, йиший шаьш кхача кечбечу жимачу цIа чохь лохачу стоьлана гонах хаийра нанас.

 – Схьадуьйла, охьаховша, чIепалгаш даа. Ас хIинцца чай а дуттур ду шуна.

 – Нана, ахьа а, бабас а ца юу хIума? – хаьттира Анзора.

 – Охашиммо а юур ю хIинцца, ламаз а дина, баба схьа ма-еъанехь.

 ХIума йиина дукха хан ялале наб озо йолийра Анзорана, ша Iачохь набарна Iункар оьхура иза.

 – Дага, вало хьайн метта вала, хьо-м набарна вата а ветта ма ву, – элира нанас.

 ГIайби тIе корта билларца наб кхийтира кIантана. ГIенах сийна стигал а, цунна чухула, доккха кIайн эскар хилла, дIайоьлху кIайн мархаш а яра цунна гуш…

Арсанукаев Муса 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить