Юха кхаба а, даста а могаш дуьтийла…

 

1220.jpg

Цу дийнахь уггар а суна хазахетарг – массо а адам вовшашна къинт1ера а даьлла, маьршша вовшийн чу а доьдуш, массарна а не1арш а йиллина хилар ду…
Чекхбала гергабахна Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматна Дала совг1атна баийтина рог1ера мархин бутт а. Герга ду бусалба нехан уггар а доккха дезде – МАРХА ДОСТУ ДЕ! И де герга мел кхочу, цунна кечамаш беш д1асахьийзаш адам гуш цхьа тамашийна сингаттам хаало т1аьхьарчу хенахь, хораман шад х1уьтту легашка…г1айг1а язло…
Дагатуьйсу бераллин шерашкахь мел ч1ог1а сатуьйсура и де т1екхачаре! Мархин бутт кара ма-беъанехь, кечйой охьайохкура керла кучамаш, каралаца т1оьрмигаш а кечдора (тхан юьртахь х1инца а ларделла и ламаст – дерриг а бераш кара т1оьрмигаш а лаьцна марха къобалдан арадовлуш, т1аккха баккхийчара цу чу мерза х1уманаш а туьйсуш), дерриг а къамелаш марха достучу дийнахь мила хьаьнца аравер и къобалдан бохуш хуьлура (цхьа дар-дацар хилча «со хьоьца хир вац хьуна къобалдеш» а олуш, т1аккха сихха «дов д1адоккхура», цхьанна а ца лаьара марха достучу дийнахь цхьалха висса)…


Ткъа и дезде т1екхаьчча-м дуьхьал мел кхетта бераш вовшийн т1оьрмигаш а гойтуш, «хьехарш» деш хуьлура, хьаьнга вахча х1ун ло, мерза х1уманаш тоьлларш хьаьнгахь хуьлу бохуш… Х1уш-кампеташ юхкучу йоккха стеган Кесиматан керта-м мосазза х1уьттура дагардина а вер вац! И йоккхастаг 1амалехь кхечарел совъяьлла къастош ма яцара тхан, «г1аж т1ехь йолу кампет» яларе догдохуш х1уьттур-кха тхо цуьнан керта (кхечу деношкахь итт кепек я деса ши шиша делча бен хуьлуш йоцу)…амма х1оразза а боча-б1араш а делла тхаьш юхахьовсийча тхан хуьлу ойла йийцарх кхетар вац, шен б1аьрла сатийсамаш кхочушцахилларг бен… И бералла яра…
Ткъа х1инца, «баккхийчийн» мог1аре х1иттича, кхечу кепара хуьлу синхаамаш, кхечу кепара йо ойланаш а… Б1аьрхиш, б1аьрхиш, б1аьрхиш… Дукха хуьлу-кх карладийла х1уманаш!
Цу дезчу дийнан бан ма-беззара лерам бан дегнаш къора долчийн ойла йича сингаттамо 1овду дог.
И дезде хьайца декъа уллохь боцу нах дагабог1у, уьш ца тоьу… «Юха кхаба а, даста а могаш дуьтийла…», – иштта къаьстара марха къобалдан вовшах мел кхеттарг а… Т1аккха шо шаре мел долу могушалла эшнарш а, и къобалдан кхин цкъа а бог1ур боцурш а алсамбевлла карабора...
Амма бераллера таханене кхаччалц хийцам боцуш схьадог1ург, цу дийнахь уггар а суна хазахетарг – массо а адам вовшашна къинт1ера а даьлла, маьршша вовшийн чу а доьдуш, массарна а не1арш а йиллина хилар ду…
Ши-кхо де д1адаьлча х1ора а дахаран хьашташа сихвина д1асавер велахь а, х1ора а шен амалшка, г1иллакхашка, шен г1айг1анашка воьрзур велахь а хаза хуьлу-кх цу деношкахь…
«Хьо теший массо а адам цхьана дийнахь вовшашна къинт1ера а даьлла, вовшийн б1аьра хьаьжча, Нохчийчохь делкъале 1ожо заза доккхур дара аьлча?!»… И дешнаш дагадог1у суна х1оразза а…Х1оразза а теша а теша догдикаллин йовхоно 1аьнан чиллахь а заза доккхур хиларх… Цкъа а доккхур хилча, марха достучу дийнахь доккхур дара аьлла а хета…
Марханаш къобал дойла, сан махкахой! Юха кхаба а, даста а могуш а дуьтийла…

Петирова ПетIамат