Жоьпаллин декхарш кхочушдийриг

 

22.08.2014-19-07.jpg

Схьахетарехь, х1ора юьртахь имам вацахьара дика-вон дерза а лур дацара. Цхьаволчунна моьтту дерриге а шега дан лур ду. Амма иза бакъ дац. Цхьа стаг массанхьа ларавойла дац. Вайн дайн олуш хилла-кх: – «Шен диканех чекхваьлла цхьа а вац», олий. И иштта дан а ду. Дан дезарг мел к1езиг делахь а, цкъа-цкъа цу дан дезачунна белхий алсам оьшу. Иштта, муьлххачу а юьртахь долу дика а, вон а дерзош верг молла хуьлуш ву. Цуьнан воцуш йиш йоцу накъост ву туркх. Зуькарна, мовладана вовшахтоха езаш тоба елахь вовшахтуху цо. Стаг велла меттиг елахь а и д1акхоьхьу цо. Ткъа имаман декхарш мелла а жоьпалле ду. Х1унда аьлча цу юьртана т1евиллина ву и. Шайн имамо аьллачун т1аьхьа хуьлу юьртан бахархой. Цундела имаман галвала йиш яц. Галваьлла меттиг хилахь а, жоп цуьнга доьхур долуш ду. Юьртан доккха дукъ шена т1ехь дуй хуучу имамо юьртан дерриге а хьал шен 1уналлехь латтадо. Юьртан имам воцуш д1а ца доьрзу юьртара цхьа а дика а, вон а.

Юьрта деана дика а, вон а, шен керта деача санна д1акхоьхьу цо. Цундела и массарна а юьртахь вевзаш хуьлу. Цунах дагабийларш а дукха хуьлу юьртахойн. Шена т1едиллинчу декхарийн мах хууш, шен х1усамера доьзал санна лела бо имама шен юьртахой. Ишттачех цхьаъ ву, Ч1аьнти-Юьртара имам Хашумов Сулим.
Шен схьавалар а, кхиар а Ч1аьнтахь долчу Сулимана дика девза юьртара хьал а, иштта бахархойн амалш. Хашумов Сулим вина эзар исс б1е кхузткъе шийтталг1ачу шеран ткъе хьалхарчу июлехь.
Цхьа эзар барх1 б1е ворх1алг1ачу шарахь барх1 класс чекх а йоккхий, Сулим Калиновскерачу СПТУ-н трактористан машинистан говзалла 1амо воьду. Дезткъе итталг1ачу шарахь, дешар чекхдаккха бен ца кхуьуш, Сулим эскаран г1уллакх кхочушдан воьду. Ах шо Литвахь а доккхий, диснна цхьаъ ах шо Белоруссехь а доккхий ц1авоьрзу Сулим. Ша эскарера ц1авирзича ша 1амийначу говзаллехула цхьа к1еззиг болх бо цо. Эзар исс б1е дезткъе верх1итталг1ачу шарахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Дагестанехь йолчу Мохьмад-1алифан ц1арах йолчу хьуьжарехь меттигаш а йохий нохчийн бераш дохуьйту цига деша. Царна юккъехь цига деша ваха ирс хилира Сулима а. Бакъду, дезткъе верх1итталг1ачу шарахь долийна дешар ши эзар пхоьалг1ачу шарахь бен чекхдаккхар ца нисделира. Дешаран хан барх1 шарахь яхъеллачу Сулимана дукха х1ума 1емира цигахь. Цигара дешна ма-велли ц1авирзира и. Цу шарахь юьртан имам хиллачу Бараханов Зайндис (Дала гечдойла цунна) юьртахь имам х1оттахьара аьлла дехар дира Сулиме. Воккхачу стага дина дехар юха ца тухуш, Сулим имам х1оьттира. Х1етахь дуьйна шен имаман атта доцу декхарш д1акхоьхьуш ву иза.
– Сулим, цхьа наггахь бен юрт юй-те зерат доцуш аьлла, дукха зераташ ду вайн Нохчийчохь. Цу эвлаяийн беркат дукха хьирчина ю Нохчийчоь. Кху Ч1аьнтахь дуй зерат?
– Алхьамдулиллах1, цу эвлаяийн декъехь Дала дика дина нах ду тхо. Элах-Моллин а, 1абдул-Вах1абан а (Дала къайле ц1инйойла церан) зераташ ду кхузахь. Республикин арахьара нах а бог1у цу зераташка. Иштта Элах-Молла чохь 1ийна х1усам а ю кху юьртахь. Уьш цхьа а 1унал ца деш тесна дац. Кадыров Рамзанан омраци Жамалдаев Шаида тодайтина ду зераташ а, кешнийн керташ а. Иштта, доккха дакъалаьцна Шаида хьуьжарш еш а. Дела реза хуьлда царна. Халкъан боцуш йиш йоцу накъостий бу-кха уьш.
– Хьуьжар хьаххийначуьра ала лаьа Сулим, таханлерчу дийнахь бераш 1амош болх беш схьайог1уш юй хьуьжар?
– Уггаре а хьалха суна билгалдаккха лаьа, х1ара тхан хьуьжар 1абдул-Вах1абан ц1арах хилар, ткъа маьждиг Элах-Моллин ц1арах хилар. Таханлерчу дийнахь хьуьжарехь шортта мута1еламаш а бу. Царна хьоьхуш ву: Бицаев Увайс а, Межиев Ахьмад а. Ахьмад Элах-Моллин т1аьхьенах ву. Тхо кхуьий цхьана дешна ву Мохьмад-1алифан ц1арах йолчу хьуьжарехь. Къуръан 1амо лууш дуккха а кегийнах бу тхан юьртахь. Иштта царна юккъехь зудабераш а ду. Кесталг1а Дала мукъалахь зудаберашна хьеха араера йолуш цхьа йо1 а ю тхан. Иштта цу хьуьжарца х1оьттна спортзал а ю тхан. Бакъдерг аьлча, спортзал йина яьлла яц. Амма цхьа бакъду, и йина ялахь юьрта берриге а кегийнах цигахь хир буйла-м хаьа суна. Цу хьуьжарца а, маьждигца а, спортзалца а ч1ог1а шовкъ йолуш бу уьш. Цунна хир ду-кха кху юьртара цхьа а харц новкъа ваьлла цахилар.
Бакъдерг аьлча жимма цу маьждигна а, хьуьжарна а, спортзална а куьг тоха аьтто хилча дика дара. Хьаша-да т1евеача а юьхь-к1ам бара и тхуна.
– Дика-вон д1адерзорехь хьелаш муха ду кхузахь?
– Цу аг1ор, Делан къинхетамца, цхьа а хьем боцуш хуьлу. Юьртарчу наха имаме а, иштта туркхе дика ладуг1у. И бахьана долуш юьртахойн барт хуьлу. Дела реза хуьлда царна.
– Сулим, хьайн къамел дерзош х1ун эр дар
а ахьа?

– Уггаре а хьалха суна вайн руспубликин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна доккха баркалла ала лаьа, тхан юьртахойн ц1арах а, махкахойн ц1арах а. Иштта суна доккха баркалла ала лаьа кху юьртарчу хьелашна юьстаха ца лаьттинчу: – Жамалдаев Шаидана а, Бугаев 1абдуллина а, Хазбулатов Жамлайлина а, Абдурзаков 1адланна а, Мамакаев Салманна а. Массо а юьртахойн ц1арах доккха баркалла ала лаьа суна царна. Иштта юьртахошна а ала лаьа суна сайн ц1арах доккха баркалла.
Цу юьртахойн ц1арах х1ара атта доцу дукъ т1е а лаьцна лелачу шуна а ала лаьа суна баркалла. Вай кхоьллинчу Аллах1а Ша реза волчу новкъахь нисдойла вай.
– Амин!

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить