Еза меттигаш...

22.08.2014-19-16Хууш ма-хиллара, Нохчийчохь дукха ду зераташ. Х1инцачул масех шо хьалха Нохчийчохь оццул зераташ дуйла ца хаьара нахана. НР-н Куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьана долуш республикера дерриге а зераташ тодина. Уьш тодеш белхаш долийча бен дукхачарна уьш дуйла а ца хиъна. Иштта Гелнехь долу Деда-Хьаьжин зерат а Рамзана ши эзар ворх1алг1ачу шарахь тодайтина ду. Бакъду, ша и д1авоьллина меттиг Мартант1ехь ю. Ткъа 1ийна меттиг Галнехь ю. И ваьхначу кертахь зератахь санна тойина меттигаш ю.


Арсанов Дени-Шайх вина эзар барх1 б1е шовзткъе хьалхарчу шарахь. Кхузткъе ворх1 шо хан бен ца йоккху цо дуьненахь. Эзар исс б1е берх1итталг1ачу шарахь Соьлжа-Г1алахь г1аьттинчу цхьана г1аттаме нийсо лохуш,

22.08.2014-19-17

 барт бан вахханчохь воь и. И ду ткъе ворх1алг1ачу декабрехь. Х1етахь дуьйна цунах дисина керт-ков ду наха д1а ца тосуш леладеш. Тахана кху кертахь Жайраханов Ахьмадан доьзал бу 1аш, ян еза терго а еш, 1уналла а деш вуно ц1ена латтош ю цара и ваьхна керт. Цига зерате дукха нах бог1у. Къаьсттина дукхахьолахь г1алг1ай бог1у цига. Зерате мел веанчунна охьабиллина кхача бу. Юучух кхетта бен д1авохуьйтуш вац цхьа а.
Ши эзар ворх1алг1ачу шарахь Кадыров Рамзанан омрица тойина ю и керт. Иштта биллина цунна т1ебоьду некъ а. И схьадоьллучохь Деда-Хьаьжин дукха муьридаш баьхкина, иштта НР-н Куьйгалхо Кадыров Рамзан а веана доккха дезде х1оттийра цигахь. Таханлерчу дийнахь зератана цига ваханчунна бина берриг а аьттонаш бу. Хаддаза адам лаьтташ ков-керт ду и.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить