Замано хуьйций те стаг

 

1_9.jpg

«Заманан архаш совцалур яц» – олуш ду-кх халкъалахь. Иза нийса аьлла хIума ду, цхьана а адаме зама саца а лур яц, хийца а лур яц. Зама-м дIайоьдуш ю, вайна лаахь а, ца лаахь а. Цуьнца вайга къийсалур дац. Вуьшта, вайна ца товш цхьа хIума гучудалахь я цхьа керланиг юкъадалахь, вай зама бехке йо: «Иштта ю-кх хIара зама!», «Замане хьаьжжина ду-кх гIуллакх...», «Сийдоцуш зама ю-кх хIара!..», «ТIаьхьара зама ю»... Кхин а масане ду иштта бехкашдахарш. Декъаза зама ю-кх массо а агIор бехке йийриг, дерриг а цунах гIоьртина долуш санна. Амма заманан бехк болуш хIумма а дац, дахарехь хуьлуш долчу массо а хIуманна дикачунна а, вуочунна бехке адам ду, хIунда аьлча и дика а, вуон а цо ша деш ма ду.

Хан-зама яьлча, юкъараллехь цхьацца хийцамаш хуьлу, хьалха гина а, дуьйцу хезна а доцург юкъадолу – тIеюхучуьнца, лелочу техникица, машенашца, хIусамца, иштта дIа кхин а. ТIаккха стага шена цунах хетарг олу: «ХIара-м дика ма ю!», «ХIара-м- чIогIа оьшуш ю!», «Супер!» (Кегийчара олу иза) и дI. кх. Оцу керлачу хIумане хьаьжжина, цо керла ойла, юкъаметтиг, лелар кхуллу.
ТIеюху бедар иза елахь, лелар, болар цуьнга хьаьжжина хуьлу. Керлачу, езачу, хазачу машено а хуьйцу стеган амал: кура ойланаш хьийза цуьнан коьрте: «ЭхI! Ма «крутой» кIант (йоI елахь йоI) ву (ю) со». Иштта хийцало-кх и стаг, цуьнан лелар а кхечу тайпана хуьлу. Масалш, вайна эшахь, хьашт ма-дду ду долуш. Шуна маца гина «крутой» кIанта, еза, хаза «джип» а сацийна, новкъахь лаьтта воккха стаг я бераца йолу зуда дIаюьгуш? Ца хаьа, шен гергарнаш я уллерниг дIавуьгуш берш-м хир бу, амма ца вуьгу вевзаш воцург-м. ХIан-хIа, иза кура ма ву, новкъахь лаьттачух иза ваша ма ца веша. Цара-м некъал дехьаволучунна некъ а ца буьту – иза сиха ву, иза «джип» тIехь «крутой» ву, цунна вай, гIаш лелаш дерш, дош ца хета.
Иза цхьа масал бен дац, вайн заманахьлерчу стеган «гIиллакхаш» гойтуш долу. Делахь а вай ала гIертарг, зама хьехаяхь а, хийцалуш верг стаг а, юкъаметтигаш а ю бохург ду. Юкъараллехь керла гучудаьлларг, «моде а долий», дукхахьолахь тIеоьцуш ду, ткъа цо адамна тIеIаткъам бо.
Хууш ма-хиллара, цивилизацино шираниг дIадоккху, дIатотту, дохадо, хIунда аьлча муьлхха хIума а шен цхьана ханна бен дац – бедар, пхьегIа, гIишло, лело гIирс, техника и.дI.кх.
Амма шираниг бух боцуш дIа ца долу вайн дахарера – иза вайн иэсехь дуьсу, цунах пайдаоьцу, зеделларг тIаьхьенашка кховдадо. Иштта ца хилча-м дахаран кхиар а хуьлийла дац – дерриге а керланиг ширачун буха тIехь лаьтта, цуьнца доьзна хуьлу.
ЦкъаццIа вай халахетарца олу: «Хьалха хаза гIиллакхаш дара, нах оьзда бара». Иза бакъ ду. Делахь а, гIиллакхаш, – дайна, дIадевлла дац вайна юкъара, ша лелочо хIинца а ма леладо уьш. Оьзда лелаш болу нах а бу вайна юккъехь – цхьадика, шортта. Уьш бацахьара-м вайн гIуллакх, Iер-дахар эрчадаьлла хир дара.
Тахана вайн Iедалера дика дIадолор ду нохчийн юкъараллехь схьадохьуш: шира Iадаташ карладахар, нахана юкъахь барт чIагIбар.
Дайн Iадаташ гIиллакхаш лар а ца дича, адамашна юкъахь барт а ца хилча, къам хIаллакьхир ду.
ДIадаханчуьнца йолу зIе хадо йиш яц вайн. Цундела къаьсттина боккхачу тидаме эца дезара тIекхуьучу тIаьхьенца йолу зIе чIагIъяр, цуьнан Iер-дахар нийсачу новкъа дIадахийтар, дайн гIиллакхаш кегийчарна Iамор, уьш цаьрга леладайтар.
Вай зорбанехь дукхазза а дийцина «нохчалла» бохучух лаьцна. Иза хIун ду а, цунах муха кхета веза а, иза муха лело деза а дийцина вайна шуьйра бевзаш болчу нохчийн яздархоша, журналисташа, Iилманчаша.
Нохчалла яр-кха вай тахана ваьшкахь кхио а, ларъян а езаш ерг. ХIунда аьлча вайн халкъан синан бух ма бу иза, вайн дозалла, къомах къам дийриг а ма ду иза.
Вайн вовшашца уьйр-марзо а елахь, гIо оьшучохь орцахдовла вай кийча а делахь – иза ю-кх нохчалла. Шен а, шен доьзалан а, къоман а сий а ца дойъуш, дайн гIиллакхаш а лардеш, стаг вахахь – иза ю-кх нохчалла.
Хало тIееанчохь доьналлех ца вухуш, дуьненан дика тIехьаьвзича кура а ца вуьйлуш, къонах а хилла, стаг чекхвалахь – иза ю нохчалла.
И масалш кхин дуккха а дало йиш ю вайн, амма, йийцаре а йина ца юьтуш, нохчалла ларъяр, кхиор вайн массеран а декхар ду.
Ийман а, беркат а доьзалехь делахь, цунах дика болх а, пайда а ца хуьлуш ца буьсу церан гергарнаш а, лулахой а. Беркате доьзалан масал махкахошна а пайда бохьуш ду. ХIунда аьлча доьзалех лаьтташ ма ю юкъаралла, дика доьзалш алсам мел хили а, юкъаралла а хир ма ю барт цхьаъ болуш.
Бертахь доьзал кхиор дайшна тIехь ду аьлла, хета суна. Далла а, нахана а хьалха шен доьзалх жоп дала дезарг да ву. Доьзалх хьакхаделла вуон а, дика а дIадерзо дезаш а ву иза, цунна напха латто а деза цо, иза ийманехь кхио а, цунна Дела а, дин а довзийта а, дезийта а декхарийлахь а ву иза. Тахана а, гуттар а доьзалан да хилар чIогIа жоьпалле гIуллакх ду. Доьзалехь барт а, беркат а, нийсо а латтор дена тIехь ду.
Вайн халкъана Дала елларг йоккха хазна ю – шена чохь исбаьхьа Iалам долу Нохчийчоь. БIеннаш шерашкахь хIокху вайн махкахь, вайн лаьтта тIехь, хьанал къа а хьоьгуш баьхна вайн дай. Цара мохк а ларбина, дайн гIиллакхаш а лардина, вуониг дIа а тоттуш, диканиг тIе а эцна, оьшург, пайденна дерг тIаьхьалонна а дитина. Тахана вайн бакъо яц ледара хила, вешан мотт а, дайн гIиллакхаш а дIатаса, Даймехкан дола ца дан.
Вай замане хьежа ца деза, вай ваьшка хьовса деза – дика а, оьзда а, ийманехь а хилар вайн карахь ду.

Арсанукаев Муса

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить