Юха кхаба а, даста а могаш дуьтийла…

 

1220.jpg

Цу дийнахь уггар а суна хазахетарг – массо а адам вовшашна къинт1ера а даьлла, маьршша вовшийн чу а доьдуш, массарна а не1арш а йиллина хилар ду…
Чекхбала гергабахна Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматна Дала совг1атна баийтина рог1ера мархин бутт а. Герга ду бусалба нехан уггар а доккха дезде – МАРХА ДОСТУ ДЕ! И де герга мел кхочу, цунна кечамаш беш д1асахьийзаш адам гуш цхьа тамашийна сингаттам хаало т1аьхьарчу хенахь, хораман шад х1уьтту легашка…г1айг1а язло…
Дагатуьйсу бераллин шерашкахь мел ч1ог1а сатуьйсура и де т1екхачаре! Мархин бутт кара ма-беъанехь, кечйой охьайохкура керла кучамаш, каралаца т1оьрмигаш а кечдора (тхан юьртахь х1инца а ларделла и ламаст – дерриг а бераш кара т1оьрмигаш а лаьцна марха къобалдан арадовлуш, т1аккха баккхийчара цу чу мерза х1уманаш а туьйсуш), дерриг а къамелаш марха достучу дийнахь мила хьаьнца аравер и къобалдан бохуш хуьлура (цхьа дар-дацар хилча «со хьоьца хир вац хьуна къобалдеш» а олуш, т1аккха сихха «дов д1адоккхура», цхьанна а ца лаьара марха достучу дийнахь цхьалха висса)…

Чеченские студенты в «Аль-Азхаре»

 

17.07.2014-14-34.jpg

Как сообщает пресс-служба Главы и Правительства ЧР и Духовное управление мусульман ЧР, абитуриенты из Чеченской Республики смогут получить образование в египетском университете «Аль-Азхар».
«Аль-Азхар», находящийся в столице Египта г. Каире - это одновременно мечеть и университет, которому уже более тысячи лет. Он считается одним из самых престижных и старейших мусульманских университетов на всем арабском Востоке.
По словам руководителя секретариата ДУМ ЧР Мусы Дадаева, делегация Духовного управления, находящаяся с рабочим визитом в Египте, встретилась с ректором «Аль-Азхара».

Стигалахь кIайчу мархаша нека до

stado_ovec_pole_pastuh_1920x1200.jpgIуьйранна дукха хьалхе самаваьккхира бабас Анзор:

– Дага, хьалагIаттал бабиниг, хьо жие ваха везаш ма ву тахана.

 – ХIаъ, дика ду, баба, со хIинцца хьалагIотту, – сиха хьала а иккхина, шен хIуманаш тIеозийра Анзора. Цунна дагадогIу, сийсара арахь левзинчул тIаьхьа хIара чувеача, дас шега аьлла:

 – Тховса хьалххе дIавижа, кхана Iуьйрре гIаьттина, жие гIур ву хьо.

 – Дика ду, дада.

Дадега хIумма а ала хIара ваьхьар вацара, ша цомгуш велахь а, я дог ца дагIахь а, ша ма вахийта кхуо эр дацара. Ледарло ялийтар чIогIа иэхье хIума ду, олура дадас. Къонах гуттар а сема а, дечу гIуллакхна кийча а хила веза. Буьйсанна хан яллачу хенахь: «ХIей!» - аьлла неIартIе веанчуьнга: «Йовай!» – аьлла, дуьхьал вистхила кийча хила веза къонаха, хьоьхура цо. Цуьнан хьехарш Анзора дика схьалоцура, уьш схьалоцуш ца хилча-м дас могуьйтур а дацара.

Цундела ша самаваларца, ур-аттал юьхь-куьг а ца дуьлуш, араиккхира кIант. Малх хьалагIатта айабеллера, цуьнан аьхна зIаьнарш диттийн баххьашна а, цIенойн тхевнашна а тIехула сихъелла евдда йоьлхура. Керла де декъалдеш санна, зевне декачу олхазарийн эшарш яра бешара схьахезаш. ХIара шайн жоьла йолчу вахара. Дада хIинцале араваьлла, уьстагIашна юкъахь цомгашниг а, лазийнарг а буй хьожуш вара.

Ислам - религия мира и созидания

 

04.06.2014_1724.jpg

В г. Грозном завершил работу VI Международный миротворческий форум «Ислам - религия мира и созидания», посвященный памяти первого Президента ЧР, Героя России Ахмат-Хаджи Кадырова.
В его работе приняли участие исламские ученые из 30 стран ближнего и дальнего зарубежья, а также делегация во главе с председателем Совета муфтиев России шейхом Равилем Гайнутдином. В этом году темой конференции стали права и возможности мусульман в светском государстве. По словам председателя шариатского комитета Эмирской канцелярии Кувейта шейха Халида Аль-Мазкура, обсуждаемая тема является актуальной и чрезвычайно важной в современном мире.
- Сейчас средства массовой информации часто изображают мусульман террористами. Они не пишут и не говорят о достижениях и достоинствах Ислама. При этом приписывают этой религии все плохое. Без всякого сомнения, это искажение действительности. Мы надеемся, что молодежь будет проявлять интерес к обсуждаемым здесь проблемным вопросам, так как подрастающее поколение должно знать истину. Мы должны распространить добро по всей земле. Необходимо довести правильное учение и практическое богословие до молодежи, которая не слушает своих чувств и мало слушает свое сердце, свой разум. Это может предотвратить те трудности, свидетелями которых мы являемся, когда в целых странах возникают конфликты, льется кровь, - сказал Х. Аль-Мазкур.

Святыни Курчали

 

1.jpg

В рамках пресс-эстафеты «Дойти до каждого», которая рассказывает о событиях, людях и достопримечательностях того или иного района, мы побывали в селе Курчали Веденского района ЧР. Я много слышала о красоте природы этого села. Действительно, места здесь красивые и живописные. По дороге завораживал вид, прорисовывающий из окон нашего автомобиля. Пейзаж менялся от лесов с зелеными деревьями до цветочных полян, за которыми виднелись величавые горы.
Главной достопримечательностью села являются зиярт Берса-Шейха и зиярт Жансари - супруги Кунта-Хаджи Кишиева.

Юртахь дахар толуш ду

DSC_0016_копия.jpg

Хууш ма-хиллара, вайн сий долчу дайша Нохчийчохь дукха ехкина ярташ. Масийтта б1е шо долу ярташ а ю вайн махкахь. Керла ехкина ярташ а ю. Иштта ламанца йохкуш а хилла ярташ. Царах цхьаъ ю, лаьмнийн кераюккъехь 1уьллуш йолу Ведана. Х1ора юртахь санна дукха къонахий бевлла меттиг ю Ведана. Кхечеран ц1ераш ца яьхча а, цу Ведан к1оштан чуйог1учу Хорачара обарг Зеламхан ц1е а тоьар ю, Ведана к1ошт йовза а, йийца а. Иштта цигахь бу, дуьненахь а боьвзаш болу Къезана-1ам. Дукха яздархой, поэташ схьабевлла меттиг а ю Ведана. Масаллина валор вай, Арсанукаев Шайхи, Кибиев Мусбек, Гацаев Са1ид, Саидов Билал, Яралиев Юсуп, иштта кхин берш а. Веданан к1оштан Эластанжехь ваьхна вевзаш волу 1еламстаг Бола-Хьаьжа. И ца вевзаш а, цуьнан дийцарш ца девзаш а тахана вайна юккъехь к1еззиг бен хир вац. Цул совнаха цу к1оштахь ду, вайн везаш, вевзаш волчу Кишиев Кунта-Хьаьжин (Дала къайле ц1инйойла цуьнан) ненан Хедин зерат. Цуьнан зерате вайн махкара нах бахна а ца 1аш, луларчу ярташкара, мехкашкара нах а бог1у. Дукха бусалба нах вовшах биттина меттиг ю и. Иштта цига сих-сиха кхочу вайн республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Эстафета шен некъ беш ю

 

_шен_некъ.jpg

Муьлха а белхало шар1е диллича а, законе диллича а, куьйгалхочо шена т1едиллина декхар кхочушдан дезаш ву. Нахана пайде а долуш, и дика г1уллакх делахь, муххале а. Иштта Жамалдаев Шах1ида шен белхалошна «Х1оранна а т1екхача» бохучу эстафетан некъ гезбар т1едиллина. Цу эстофетехь журналистийн декхар ду билгалйинчу к1оштан массо юрта кхачар. Кху апрель баттахь Надтеречный к1оштан т1екхечира раг1.
Надтеречный к1оштан къеда волчу, Авдарахманов 1абдуллах1а шен сирлачу тергамехь латтадо к1оштан хьал. Цу к1оштан массо юртахь долу хьал доьвзаш ду цунна. Иштта массо диканехь а, вонехь д1ах1оьттина ву и. Вайн куьйгалхочо Кадыров Рамзана шех тешийна к1ошта ледара ца юьту 1абдуллах1а.

К1еззиг делахь а, диканиг г1олехь ду

К1еззиг делахь а, диканиг г1олехь ду
Баккхийчаша олуш ду-кха, «пачхьалкх доьзалера кхоллалуш ю». Доьзал мел жима белахь а низам оьшу цунна. Низам доцчу доьзалехь цкъа а барт хир бац. Иштта к1оштан цхьа доьзал бу, юрт. Муьлха а к1ошта вай схьаэцчи шена чу массех юрт йог1уш хуьлу и. Х1ора юртахь мел лахара ши эзар гергга вахархо хуьлу. Цу бахархойн хьашташ кхочушдан а ма веза да. Иштта дика а, вон а доцуш яц цхьа а юрт. Стаге хоттий дог1уш дац цуьнан керта вон а, дика а. Цундела муьлхачу а х1уманна кийча хиладезаш ду адам. Иштта юртара дика а, вон а д1акхоьхьуш имам хуьлу. Зуда ялош елахь, там-мах барехь дакъа лоцу имама. Уггар доккхачех дакъа ду-кха и. Беркатечу дахаран хьалхара г1улч а ю и. Иштта стаг веллачу тезетахь а, мах барехь а, тезет д1акхехьарехь а доккха дакъа лоцу цо. Цу г1уллакхан ша д1ах1оьттина вацахь а, шен юртара туркхан т1едуьллу имама и тайпа г1уллакх. Дукхахьолахь и д1акхоьхьург туркх хуьлу. Доккха дукъ ду туркхана т1ехь дерг. Зуда ялош меттиг белахь, йо1ан ц1ерачарна т1е бакхий нах бохуьйтуш хьалхаволий хуьлу и. Иштта тезет даьлла меттиг белахь, и тезет д1акхоьхьуш, мах барехь зуькарна нах вовшах тухуш хьалхаволий хуьлу туркх. Цунна ца хууш юртахь цхьа а дика а, вон а ца хуьлу. Делан дуьхьа юртан дукъ шена т1е а лоций и д1акхоьхьуш веха и. Ишттачах цхьаъ ву, Надтеречный к1оштан Макни-К1отарара туркх, Эльбазуров Мохьмад.
Мохьмад вина эзар исс б1е доьзткъе шолг1ачу шарахь, Макни-К1отарахь. Циггахь чекхъеккхина школа а. Юртарчу хьужрехь 1амийна 1арбойн йоза. Ши эзар барх1алг1ачу шарахь дуьйна ву и цу юртахь туркх.
– Туркхан декхарш ас сайна т1елоцуш со ханна жима хиллехь а, суна хаара и аттачех доций. Бакъду, мел халаниг а, нагахь санна ахь и Делан дуьхьа деш делахь, атта ду-кха. Иштта хьо Дела реза варехь къахьоьгуш хилча, Дала хьан аьтто бо. Ялх шо хан ю со кху юртахь туркх волу. Цу заманчохь юртара дика а, вон а д1акхехьа а, сайн напха лаха а лараво со. Делан къинхетамца кху юртара нах барт болуш бу, цундела суна атта ду кхаьрца туркхал лело. Тхан имам, Майрбек а ву иман долуш, вуно оьзда стаг. Иштта нах юртахь а болуш цуьрриг хала дац туркхал д1акхехьа. Масала зуда ялийна меттиг белахь, кегийчу наха шайга дина хьехар д1а а лоций, нахана зулам ца доккхуш дика д1адерзадо и г1уллакх. Иштта тезет даьлла меттиг белахь, лахьта даккхарехь а, и тезет д1акхехьарехь а, мах барехь а, вуно каде хьевза кхузара нах. Ханна со жима вара олий, ла ца дуг1уш а ца 1а. Дашна меттиг баьллачуьра суна доккха баркалла ала луур дара сан хьомечу юртахошна. Дерзадо шен къамел, Макни-К1отарчу туркхас, Эльбазуров Махьмада.
Ишттачу наха латтадо юртара хьал нийсачу низам т1ехь. Доккха дакъа ду цара д1алоцуш дерг. Вайн юкъараллехь и тайпа нах бацахьара, дан амал а дацара нехан. Дела реза хуьлда царна. Дала йоле дуьллийла цара мел лелош дерг.

Дишни Мурд

Атта дац, нийсачу новкъахь ваха

_дац.jpg

Вайх х1ора а дуьненан рицкъа лохуш веха. Цу рицкъанна т1аьхьа доьвллачохь кхачийна карадо вайна вешан дахар. Ткъа цхьаверг гуттар ч1ог1а вохкавелла хуьлу цу дуьненан х1уманна. Дуьнено б1арзвой, эхарт дицло цунна. Юртарчу вонехь и ца хуьлу, амма дика цхьа а ца долуьйту ца воьдуш. Сакъерало, самукъа доккху пхьоьханаш ларйо ишттачо. Цунна ша даим ваха веана моьтту кху маьлхан дуьнент1е. Шен бахам мел бу, ша даим вехар ву моьтту цунна. Шена и дерриге делларг ша кхоьллина Аллах1-Дела вуй ца хууш хуьлу и. И шена хууш хилчам, цо Цунна 1ибадат дийра дара. Хастам бийра бара. Дукхахьолахь рицкъано б1арзвинарг сужда дицлой хуьлу. Бакъду шаверриге вац дуьнено 1ехийна. Таханлерачу дийнахь дукха бу, ойланаш кешнийн кертахь хьийзаш, дуьненан ши кепек мах а ца хеташ, шайн даг1маш буркочо дахарехь диканна хьийзош берш. Далла 1ибадат дар а, нехан хьашташ кхочуш дар а, шайн декхар а хеташ бехаш берш а дукха бу вайна. Царна хаьа, шаьш кхоьллинарг, кхобуш верг Аллах1-Дела вуйла. Цо делларг бен шайн рицкъа доцийла хаьа царна. Делах кхоьруш верг, даим нахана вецаш хуьлу. Ишттачах цхьаъ ву, Ч1урга-Юртара вахархо, цигарчу хьуьжаран директоран хьалхара заместитель Зубайраев Халиль.
Карарчу хенахь Халиль шайн юртарчу хьуьжарехь директоран г1оьнча ву. Массех шо ду цо и болх беш болу. Г1оьнча дика хилча, куьйгалхочун болх мелла а аттачу болу.

Ахмадов Жабраил – къона имам

 

IMG_56.jpg

Айти-Мохк олу юрт, нохчийн ширачу яртех цхьа юрт ю. Ножай-Юртан к1оштан юкъайог1у и. Дукха хан ю и юрт кхоллаелла. 1илмано бинчу талламехь ялхийтталг1ачу б1ешарахь йиллина ю и юрт. Иштта 1илмано бинчу талламехь гойту, Айти-Мохк Айткхалойша йиллина хилар. Дуьххьара и юрт йиллинарш цу тайпан нах хилла. Эзар исс б1е шовзткъе диалг1ачу шарахь нохчийн къам махках даьккхича цу юьртан ц1е «Гергентала» аьлла суьлеша хийцина хилла. Цу юкъана суьлий хевшина цига баха. Бакъду нохчийн къам юха шен махка дирзича, юртара нах шайн хьомечу дай баьхначу Айти-Махка хьала бахна. Таханлерачу дийнахь Акхсайна а, Ямансу олучу шина хина юккехь 1уьллу Айти-Мохк. Цкъа цу юртахь ца хиллачунна хуур дац цигара хьал. «Эзарза лергашна хезачул а, цкъа б1аьргашна гар г1оли ду» олуш кица ду-кха вайн. Цкъа гина а, цу юьртан хазалла ца гина болу б1аьрг, б1аьрзе б1аьрг бу. Луларчу ярташка боьдучу новкъахула цхьана гу буьххье а ваьлла б1аьрг тоьхча, и бан а бу цхьа жима мохк. Цунна йог1уш ю, Айти-Мохк аьлла йолу ц1е. Вехха цу юрте хьоьжуш лаьттира со цхьана ломе буьххьехь. Цу юрто пана д1аяьхьна сайн ойла юха а ерзош, айса кечдина масех хаттар дала со вахара ца юьртан имам Ахмадов Жабраил волчу.