К1еззиг делахь а, диканиг г1олехь ду

К1еззиг делахь а, диканиг г1олехь ду
Баккхийчаша олуш ду-кха, «пачхьалкх доьзалера кхоллалуш ю». Доьзал мел жима белахь а низам оьшу цунна. Низам доцчу доьзалехь цкъа а барт хир бац. Иштта к1оштан цхьа доьзал бу, юрт. Муьлха а к1ошта вай схьаэцчи шена чу массех юрт йог1уш хуьлу и. Х1ора юртахь мел лахара ши эзар гергга вахархо хуьлу. Цу бахархойн хьашташ кхочушдан а ма веза да. Иштта дика а, вон а доцуш яц цхьа а юрт. Стаге хоттий дог1уш дац цуьнан керта вон а, дика а. Цундела муьлхачу а х1уманна кийча хиладезаш ду адам. Иштта юртара дика а, вон а д1акхоьхьуш имам хуьлу. Зуда ялош елахь, там-мах барехь дакъа лоцу имама. Уггар доккхачех дакъа ду-кха и. Беркатечу дахаран хьалхара г1улч а ю и. Иштта стаг веллачу тезетахь а, мах барехь а, тезет д1акхехьарехь а доккха дакъа лоцу цо. Цу г1уллакхан ша д1ах1оьттина вацахь а, шен юртара туркхан т1едуьллу имама и тайпа г1уллакх. Дукхахьолахь и д1акхоьхьург туркх хуьлу. Доккха дукъ ду туркхана т1ехь дерг. Зуда ялош меттиг белахь, йо1ан ц1ерачарна т1е бакхий нах бохуьйтуш хьалхаволий хуьлу и. Иштта тезет даьлла меттиг белахь, и тезет д1акхоьхьуш, мах барехь зуькарна нах вовшах тухуш хьалхаволий хуьлу туркх. Цунна ца хууш юртахь цхьа а дика а, вон а ца хуьлу. Делан дуьхьа юртан дукъ шена т1е а лоций и д1акхоьхьуш веха и. Ишттачах цхьаъ ву, Надтеречный к1оштан Макни-К1отарара туркх, Эльбазуров Мохьмад.
Мохьмад вина эзар исс б1е доьзткъе шолг1ачу шарахь, Макни-К1отарахь. Циггахь чекхъеккхина школа а. Юртарчу хьужрехь 1амийна 1арбойн йоза. Ши эзар барх1алг1ачу шарахь дуьйна ву и цу юртахь туркх.
– Туркхан декхарш ас сайна т1елоцуш со ханна жима хиллехь а, суна хаара и аттачех доций. Бакъду, мел халаниг а, нагахь санна ахь и Делан дуьхьа деш делахь, атта ду-кха. Иштта хьо Дела реза варехь къахьоьгуш хилча, Дала хьан аьтто бо. Ялх шо хан ю со кху юртахь туркх волу. Цу заманчохь юртара дика а, вон а д1акхехьа а, сайн напха лаха а лараво со. Делан къинхетамца кху юртара нах барт болуш бу, цундела суна атта ду кхаьрца туркхал лело. Тхан имам, Майрбек а ву иман долуш, вуно оьзда стаг. Иштта нах юртахь а болуш цуьрриг хала дац туркхал д1акхехьа. Масала зуда ялийна меттиг белахь, кегийчу наха шайга дина хьехар д1а а лоций, нахана зулам ца доккхуш дика д1адерзадо и г1уллакх. Иштта тезет даьлла меттиг белахь, лахьта даккхарехь а, и тезет д1акхехьарехь а, мах барехь а, вуно каде хьевза кхузара нах. Ханна со жима вара олий, ла ца дуг1уш а ца 1а. Дашна меттиг баьллачуьра суна доккха баркалла ала луур дара сан хьомечу юртахошна. Дерзадо шен къамел, Макни-К1отарчу туркхас, Эльбазуров Махьмада.
Ишттачу наха латтадо юртара хьал нийсачу низам т1ехь. Доккха дакъа ду цара д1алоцуш дерг. Вайн юкъараллехь и тайпа нах бацахьара, дан амал а дацара нехан. Дела реза хуьлда царна. Дала йоле дуьллийла цара мел лелош дерг.

Дишни Мурд

Атта дац, нийсачу новкъахь ваха

_дац.jpg

Вайх х1ора а дуьненан рицкъа лохуш веха. Цу рицкъанна т1аьхьа доьвллачохь кхачийна карадо вайна вешан дахар. Ткъа цхьаверг гуттар ч1ог1а вохкавелла хуьлу цу дуьненан х1уманна. Дуьнено б1арзвой, эхарт дицло цунна. Юртарчу вонехь и ца хуьлу, амма дика цхьа а ца долуьйту ца воьдуш. Сакъерало, самукъа доккху пхьоьханаш ларйо ишттачо. Цунна ша даим ваха веана моьтту кху маьлхан дуьнент1е. Шен бахам мел бу, ша даим вехар ву моьтту цунна. Шена и дерриге делларг ша кхоьллина Аллах1-Дела вуй ца хууш хуьлу и. И шена хууш хилчам, цо Цунна 1ибадат дийра дара. Хастам бийра бара. Дукхахьолахь рицкъано б1арзвинарг сужда дицлой хуьлу. Бакъду шаверриге вац дуьнено 1ехийна. Таханлерачу дийнахь дукха бу, ойланаш кешнийн кертахь хьийзаш, дуьненан ши кепек мах а ца хеташ, шайн даг1маш буркочо дахарехь диканна хьийзош берш. Далла 1ибадат дар а, нехан хьашташ кхочуш дар а, шайн декхар а хеташ бехаш берш а дукха бу вайна. Царна хаьа, шаьш кхоьллинарг, кхобуш верг Аллах1-Дела вуйла. Цо делларг бен шайн рицкъа доцийла хаьа царна. Делах кхоьруш верг, даим нахана вецаш хуьлу. Ишттачах цхьаъ ву, Ч1урга-Юртара вахархо, цигарчу хьуьжаран директоран хьалхара заместитель Зубайраев Халиль.
Карарчу хенахь Халиль шайн юртарчу хьуьжарехь директоран г1оьнча ву. Массех шо ду цо и болх беш болу. Г1оьнча дика хилча, куьйгалхочун болх мелла а аттачу болу.

Ахмадов Жабраил – къона имам

 

IMG_56.jpg

Айти-Мохк олу юрт, нохчийн ширачу яртех цхьа юрт ю. Ножай-Юртан к1оштан юкъайог1у и. Дукха хан ю и юрт кхоллаелла. 1илмано бинчу талламехь ялхийтталг1ачу б1ешарахь йиллина ю и юрт. Иштта 1илмано бинчу талламехь гойту, Айти-Мохк Айткхалойша йиллина хилар. Дуьххьара и юрт йиллинарш цу тайпан нах хилла. Эзар исс б1е шовзткъе диалг1ачу шарахь нохчийн къам махках даьккхича цу юьртан ц1е «Гергентала» аьлла суьлеша хийцина хилла. Цу юкъана суьлий хевшина цига баха. Бакъду нохчийн къам юха шен махка дирзича, юртара нах шайн хьомечу дай баьхначу Айти-Махка хьала бахна. Таханлерачу дийнахь Акхсайна а, Ямансу олучу шина хина юккехь 1уьллу Айти-Мохк. Цкъа цу юртахь ца хиллачунна хуур дац цигара хьал. «Эзарза лергашна хезачул а, цкъа б1аьргашна гар г1оли ду» олуш кица ду-кха вайн. Цкъа гина а, цу юьртан хазалла ца гина болу б1аьрг, б1аьрзе б1аьрг бу. Луларчу ярташка боьдучу новкъахула цхьана гу буьххье а ваьлла б1аьрг тоьхча, и бан а бу цхьа жима мохк. Цунна йог1уш ю, Айти-Мохк аьлла йолу ц1е. Вехха цу юрте хьоьжуш лаьттира со цхьана ломе буьххьехь. Цу юрто пана д1аяьхьна сайн ойла юха а ерзош, айса кечдина масех хаттар дала со вахара ца юьртан имам Ахмадов Жабраил волчу.

ОПЛОТ УКРЕПЛЕНИЯ исламских ценностей

_укрепления23.jpg

Последнее десятилетие ХХ века и начало нового тысячелетия прошли для мусульман ЧР под знаком бурного религиозного подъема. Повсеместно стали открываться медресе, исламские школы и вузы, полной реконструкции подверглись все зиярты, во всех селах возведены мечети. В 1988 году Насуха-Хаджи Ахматов основал в Курчалое медресе, где все желающие могли изучать каноны Ислама. В то время за поддержкой в реализации своей идеи о создании Исламского Института в Курчалое он обратился к Ахмату-Хаджи Кадырову. На тот момент Ахмат-Хаджи являлся квалифицированным и дипломированным ученым-богословом: он окончил Бухарское медресе Мир-Араб и проучился четыре года в Ташкентском исламском институте. Мало кому удавалось в годы советской власти получить религиозное образование. Несмотря на все трудности и преграды, Ахмат-Хаджи Кадыров извлек из духовного мира много знаний. Впоследствии он передавал их своим ученикам.

Кегийчарах йоьзна ю вайн кхане

1.jpg

К1адо йоццуш алсам т1е1аткъам бан беза вай вешан кегийчу нахана. Хьовса деза вай церан ойланашка. Т1екхуьуш кегийнаш бацахь, къоман кхане хир яц, ткъа кхане йоцу къам, къам а дац. Цундела вай декхарийлахь ду вешан ирсе кхане кхио, аьлча а, Дела реза волчу нийсачу новкъахь вешан доьзал, йиш-ваша кхио. Вайн доьзалш кхио дезаш берш 1едал а дац, я муфтиятан белхалой а бац. Цу 1едал белхалойн а бу шайн доьзалш, иштта муфтиятан белхалойн а бу шайн доьзалш а, дезарш а. Вешан доьзалш вай ваьш кхетош-кхио беза. Цхьаверг хаало вайна юккъехь, шен доьзалхо 1едало кхио веза моьттуш.

Великий учитель

Известный богослов Кунта-Хаджи Кишиев родился в XIX веке. В детстве получил духовное образование, в юности стал последователем известного в Чечне суфия (религиозного проповедника) Гази-шейха Зандакского.

Праздничный мовлид

В нашей республике повсеместно состоялись религиозные мероприятия, приуроченные ко Дню рождения пророка Мухаммеда (с.а.с.). Один из главных мусульманских праздников отметили и работники Министерства ЧР по национальной политике, внешним связям, печати и информации. В Доме радио прочитали мовлид, в котором приняли участие студенты Российского исламского университета им. Кунта-Хаджи Кишиева.

Зиарты Чечни: связь времен и поколений

В Чеченской Республике в начале года открылся зиярат Коврнаки – мюрида и сподвижника выдающегося чеченского проповедника шейха Кунта-Хаджи Кишиева. Строительство на старинном кладбище в юго-западной части села Гехи велось с августа прошлого года на средства Регионального общественного фонда имени Ахмат-Хаджи Кадырова. Открытие состоялось 3 января – в день, когда исполнилось 150 лет с момента ареста и ссылки Кунта-Хаджи Кишиева в г. Устюжна Новгородской области.

Сийлахь Мухьаммад (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)

Шех тера кхин цхьа а хир воцуш, комаьрша хилла Делан Элча: шега дехначу хIуманна цкъа а хIан-хIа аьлла дац цо. Массо а нахал комаьрша хилла иза.