«ДАЙМОХК» ГАЗЕТАН ДАХАРАН МУР

shamsutdinov

Кху шеран 23-чу апрелехь 95 шо кхечи кху дуьненахь а девзаш долчу, тахана нохчийн меттан йозанан коьрта геланча хилла схьадог1учу «Даймохк» газетан. Цу газетан 95-чу шарахь хиллачу некъах а, кхин д1а йолчу 1алашонах а лаьцна тхан къамел хилира «Даймохк» газетан коьртачу редакторца Шамсудинов Бувайсарца.

– Де дика хуьлда, Бувайсар. Цхьацца дуьйцуш хIуманаш хеза, «Нохчийн мотт дуьненчуьра дIадовлуш долчу меттанашна юкъахь бу, кестта дIабала мега бохуш»… Цунах лаьцна хIун хета хьуна?

– Суна иза хабар хета. ХIора къам а, оцу къаьмнийн меттанаш а ду кхоьллина Дала. «Лелош дац, дIадовлуш ду» бохуш, исс-итт шо хьалха далхийна дукхахдолу меттанаш, тахана, кхидолчу, кхуьуш долчу меттанашца цхьана, кхуьуш а ду. Со кхета хьо ала гIертачух: «Ца бийцича мотт юкъара дIаболу, адамаш тIехула лелаш ца хилча, некъ а, тIе буц йолий, дIабаларе терра» ала гIерта». Цу тIехь хьо харц яц, амма кхин цхьаъ а ду коьрта – тахана арадолуш газет а, журнал а, маттахь лелош йоза а долчу маттана, муьлххачу хенахь а, хьалагIатта а, уггаре а кхуьуш долчу меттанех цхьаъ хила а тарою вайн махкахь. Мотт бийцар доьхкуш, цуьнан йоза ца магош цхьа а воцуш, массо хIума а маьрша доллушехь, иза цалелабар – вайн юкъараллин цхьа тилкхазло, цхьа сиркхо хила мега, амма, Дала мукъ лахь, цунах вайн юкъаралла, яла ма еззара, юхькIай чекх ер ю!

– Тахана, дукхахдолчунна, хIун халонаш Iиттало нохчийн меттан йоза кхиарна новкъарло еш?

– Ма-дарра аьлча, йоза кхиарна я кхиорна новкъарло еш хIумма а дац! Мотт Iамо ца луучо цхьацца бехказлонаш лелайо, амма и сакхт а дIадер ду. Школашкахь мотт, меттан йоза ца Iамийначара дIадолийнарг, иза Iамо тахана а дог ца догIучо схьа а лаьцна, дийцарх, меттан йозанна, нохчийн маттана новкъарло яц. И адамаш а хено кхетор ду, Дала мукъ лахь! Со теша, мацах а, шен ненан мотт цаIамабар сийлалла хеташ лелла болу нах жим-жима пенсешка а боьлхуш, и ша ца Iамийна алар эхь хиларх кхеташ йолчу вайн тIаьхьено кхиоран новкъа боккхургхиларх.

– Нохчийн маттахь болу хаамийн гIирс меттан кхиаран хьал дустаран коьрта шахьар ю. Кху тIаьхьарчу хенаца хIун хийцамаш, новкъарлонаш карайо шун газетехьмотт кхиарна дуьхьало хеталуш?

–Ахь хIинца дуьйцург нохчийн маттахь долчу газетанцхьанахилла ца Iаш,  кехата тIехь мел болчу хаамийн гIирсийн хало ю. Дерригдуьненан  эладитанийн бен хилла, тахана яьржинчу интернето дуьйцучух адамаш тIех тешар а, цу чохь дерг цхьа а тIаьхьало, тIетовжа бух болуш хIума цахилар а тидаме цаэцар а бахьанехь халонаш ю тахана зорбанан хаамийн мел болчу гIирсашкахь. Иза дIа а дер ду, цу тIехь шайн хьежарш кхечу агIор хила дезаш хиларх адамаш кхетар а ду аьлла хета суна.

1404222– Тахана газеташ цхьанна а оьшуш дац бохуш дуьйцу юкъараллехь, цу тIе доьгIна аьлча, «Даймохк» газетан хьал муха ду?

– Кхидерш ца хаьа суна,амма нохчийн къам мел деха нохчийн газет а, нохчийн йоза а хир ду!«Даймохк» газетан шен дешархой а бу, церан гуо денна шорлуш а бу!

– «Даймохк» деккъа цхьа газет ду нохчийн маттахь арадолуш тахана, Нохчийн маттахь кхин а деша лууш волу дешархо нислахь, цуьнан харжам дукха готта бу аьлла-м ца хета хьуна?

– Ас сайга хаьттича, тахана Нохчийчохь долу дерриге а йоза нохчийн маттахь хуьлуьйтур дара, амма и дан, иза иштта дича, дика хир дара ала а жимма хьалхе хета.Вайн къомо ши тIом а, дуьненна тоъал йолу къизалла а лайна.ХIинцца когахIуттуш долчу къоманна шена гина йолчу халонашца цхьана, гуонахарчу къаьмнийн меттанаша, церан ойланаша бина тIеIаткъам а бу хаалуш, иза а жим-жима дIабер бу. Ткъа нохчийн маттахь кхин а йоза деша луучунна кхин журналаш а ду деша, дешархочунна чIогIа оьшуш, «Даймохк» ца тоьаш хьал хилахь, Iедало нохчийн маттахь кхин газет а доьллур ду. Тахана вайн къоманна, къоман маттана оьшучунна цхьаа хIума кхоор доцуш къахьоьгуш Россин Турпалхо, вайн мехкан Куьйгалхо Кадыров Рамзан а ву.

– Нийсса шо хьалха, цхьана кхеташонехь, ахь нохчийн маттахь яздеш болчу журналистийн къелла хIуттуш ю Нохчийчохь, и гIуллакх тодарна цхьа некъ лаха безаэлира.Ткъа тахана муха го хьуна и хьал?

– Нохчийн цхьа кица ду «гIайгIа ма е, гIайгIа бе» олуш. Цу тIе доьгIна аьлча, оха къона чкъор гулдира редакцехь, амма царах дукхахберш дIа бевлира кху балхара, кхузахь хуьлуш болу ницкъ лан а ца белла.Бакъду, Дала хIокху гIуллакхна белларш, нохчийн маттахь ойла ян шайн доьзалшкахь дуьйна Iамийнарш, бисира.Уьш хIинца кху газетан дика белхахой а бу.

– Тахана Нохчийчохьбоккха болх бу тIекхуьучарна шайн мотт, йоза марздарна тIехь беш. ДIакхайкхийна Нохчийн меттан де, цунна гуонаха дуккха а цхьаьнакхетарш до, къийсадаларш а хуьлу. И дерриге а хенаца нийсса цхьана деш доцуш, жимма ханна тIаьхьадисина деш долушсанна хетий хьуна? Массо а меттан санна, электронни гIирсашкахь а хила безаш бацара нохчийн меттан хьехархой?

– Ца хета!Вай тIаьхьа ца дисина!Вайна тIехь лаьттинчу шина тIаме хьаьвсича, дика сиха дIадоьлхуш, юкъахдисинарг тIедузуш, де-буьйса ца лоьруш къахьоьгуш ду. Вай хенаца цхьаьна хилла ца Iаш, хенал а хьалха девлла, нохчийн къам уггаре а сийлахьчех цхьаъ хиларх дерриге дуьне а тешош, шен диканашца вайн къоманна керл-керла совгIаташ деш схьавогIуш вайн мехкан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а ву.

– Со нохчийн мотт буьйцучех и лелочех яц. Иза лелабайта, иза соьга бийцийта, иза суна марзбан хIун хьехар дийр дара ахь?

– Уггаре а хьалха, шена гуонаха долчу адамашца ларам боцург, ша-шега ларам боцуш верг ву. Ткъа ларам –иза хьуна уллехь долчу адамо буьйцуш болу мотт бу, оцу меттан гIиллакх, меттан оьздангалла, собар, цIоналла ю. Ткъа нохчийн меттан цIоналла хьуна а, хьо санна болчарна а нохчийн шира дийцарш, туьйранаш, иллеш жимма а довзахь, евзар ю. Цу гIуллакхна вайн махкахь диллина, арадовлуш туьйранаш, кегийра исбаьхьаллин дийцарш,стихаш, иллеш тIехь долуш, аттачу, бераш кхетар долчу маттахь яздеш «СтелаIад» журнал а ду.

– Кху шарахь «Даймохк» газетан 95 шо кхечи. «Молодежная смена» газетан цIарах шу даггара декъалдан лаьа тхуна. Лаьа, кхоллараллехь кхиамаш, похIма долу журналисташ, алссам дешархой шун даима а лаьттийла!

– Дела реза хуьлда! «Даймохк» газет, кхуьнан кхоллараллин белхахойн хилла ца Iаш, нохчийндерриге къоман а ду, цундела,нохчийн маттахь долчу къоман газетан а, вайн нохчийндерриге къоман а дезде ду иза. Цундела, «Даймохк» газетан 95 шо кхачарца, суна а лаьа вайн нохчийндерриге къам декъалдан!

Дуьне мел лаьтта лаьттийла хIокху дуьненахь нохчийн мохк а, нохчийн къам а, кху къоман мотт а, цу меттан йоза а!

Интервью кечйинарг – Хан Виктория