ЮЬРТАРА ХЬЕХАРХО

kemrabotДиъ шо бен дацара Демеев Исмаь1алан нана д1акхелхинчу хенахь. Цул т1аьхьа шина шарахь бен ца вехира да а. К1ентан дахаран мур д1аболабелира уггаре халачу хенахь. Чолхечу дахаро буо-бер ду аьлла кхоа ца вира иза. Бераллехь дуьйна, дахаран хала киртигаш т1е1итта яларца, кога ца х1отталуш, дуккха а халонаш лан дийзира Исмаь1алан.

Шега шен бералла хьахийча, гинарш, лайнарш, селхана хилча санна, юха  карладуьйлу Исмаь1ална.

Цо дийцарехь, къаьсттина хала дара къам д1адохоран къиза бала лан.

Сибрехахь долуш, Киргизски ССР-н Токмак ц1е йолчу г1алара берийн ц1ийне д1авелира иза. Ша 7 класс яьккхинчул т1аьхьа  Фрунзерачу профессионально-технически училище д1атасавелира Исмаь1ал, цигахь электрикан говзалла а 1амийра цо.

1955-чу шарахь Советски эскарийн мог1аршкахь г1уллакх дан волавелира иза. Баккхийчу кхиамашца цигахь г1уллакх дина ваьллачул т1аьхьа, Шелан районерчу ша винчу Цоци-Эвла юхавирзира И. Демеев. Юьртахь радиомонтеран болх бан волавелира. Цул т1аьхьа Нохч-Г1алг1айн шекар доккхучу заводехь электрикан болх а бира цо.

1965-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институте деша вахара Имаь1ал.

Т1екхуьучу т1аьхьенна хаза г1иллакх, оьздангалла, 1илма 1амор т1елаьцна, хьаналчу новкъахь къахьоьгу вайн хьехархоша. Шаьш 1амочу дешархойн шолг1а да-нана а хуьлий, вайн къоначу т1аьхьенна хьекъал, кхетам, 1илма а 1амош схьбог1у уьш. Царех цхьаъ ву Исмаь1ал Демеев.

Имаь1ал Хасанович Цоци-Эвларчу №2 йолчу ишколехь оьрсийн а, нохчийн а меттанаш хьехна ву. Дуккха а цуьнан хилла болу дешархой Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университет чекх а яьккхина, х1инца шаьш хьехархойн мог1арехь бу.

- Хьехархочо болх бан беза, ша хьоьхуш дерг берийн дагчу дижжалц, - боху Исмаь1ала.

Ала дог1у, 1аламат дика библиотека а ю цуьнан ц1ахь. Цо дукха йоьшу книгаш. Исмаь1ал поэзехь къа хьоьгуш а ву. Иза ч1аг1до цуьнан «Шен куьзган чохь гина лам» ц1е йолчу, 1990-чу шарахь араяьллачу гуларо. РФ-н яздархойн союзан декъашхо а ву И. Демеев.

Таханлерачу дийнахь «Машар» ц1е йолчу газетан а, «Стела1ад» журналан а аг1онаш т1ехь зорбане юьйлу цуьнан стихаш.

Хьехархо хилар доккха жоьпалла долуш а, сий долуш а г1уллакх ду. Исмаь1ала, ша ца кхоош, шега далург до, хьехархо аьлла йолу лакхара ц1е ц1енна д1ахьуш.

Хава Хасаева