ПОЗДРАВЛЕНИЕ ГЛАВЫ ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ, ГЕРОЯ РОССИИ Р. А. КАДЫРОВА С ДНЕМ КОНСТИТУЦИИ РОССИЙСКОЙ ФЕДЕРАЦИИ
Дорогие соотечественники! ...

Чеченский филиал РСХБ с начала года выдал физическим лицам свыше 10 тысяч кредитов

С начала 2018 года Чеченским филиалом Россельхозбанка выда...



Вайн кхане кегийрхойх йозуш ю

Хизриев Ваха вина эзар исс бIе дезткъе кхоалгIачу шарахь, ткъе доьалгIачу ноябрехь, Ножа-Юьртан кIоштан Бена юртахь. Карарчу хенахь а Ваха ша винчу юьртахь Iаш ву.

Цу юртахь чекхъяьккхина цо юккъера школа. Дагестанехь чекхъяьккхина цо Исламски университет. Махачкалахь дIаелла цо шен тIаьххьара экзаменаш. Цигара ваьллачул тIаьхьа, юридически дешар а чекхдаьккхина цо. 

Иштта Соьлжа-ГIалахь бухгалтеран а, программистан а дешар а чекхдаьккхира цо. Карарчу хенахь Нальчикехь психологин а, экономикин а ши дешар чекхдоккхуш ву Ваха.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIе латторехула йолчу департаменто дIадаханчу шеран февраль баттахь кечйина ю концепци. И кечдеш, тидаме эцнера республикехь бехаш дуккхачу а къаьмнийн векалш хилар. Цундела балха юкъаозо беза дешархой а, студенташ а, доцца аьлча, массо а кегийрхой. Концепци тIехь билгалдаьккхина ду, и болх тIекхуьуш йолу къона тIаьхье динехь а, къоман гIиллакх-оьздангаллехь а кхиорна тIехьажийна хилар. Вайн къоначу чкъурах жоьпалле ду вай. Цундела тидамца бан беза цу декъехь беш болу болх. Оцу Iалашонца цхьаьнакхетарш дIадахьа лерина ду республикин массо а кIошташкахь. Коьрта тидам тIебахийтина бу доьзалан мехаллашна а, къоман культурин тIаьхьалонна а, гIиллакхехь кхиорна а. Шо чекхдалале ян езачу мероприятийн график а, программа а дIасаяхьийтна массо а министерствошка а, кIоштийн администрацешка а. Цу хьокъехь тхан къамел хилира Ножа-Юьртан кIоштан къедица Хизриев Вахица.

- Ваха, маса зиярт ду Ножа-Юьртан кIоштахь?
- Ткъе цхьаъ зиярт ду цу кIоштахь. ТIаккха хIокху некъехь кхин а цхьа зиярт карийна тхуна. Бетта-мохк олучу юьртахь ду и зиярт. Зуда а, стаг а ду цу зияртехь дIадоьллина. Хьалхалера зиярт ду и, тIехь бина цхьа а тхов а боцуш, гонаха доьттина шира пенаш а долуш. Бакъдерг аьлча, цу чуьрта тIехь диллина терахь а дац я цхьа цIе а яц. Юьртан бахархошка хаьттича, царех лаьцна хIума хууш цхьа а вац цу юьртахь. Схьагучу суьртехь, вай дIадохадале хьалха хилла зиярт ду и. Иза а цхьаьна, ткъе шиъ зиярт хуьлу-кха уьш кху кIоштахь.

- Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дойтуш ду маьждигаш. Делан къинхетамца, де-дийне мел долу совдуьйлуш ду уьш вайн махкахь. Ткъа шун кIоштахь маса маьждиг ду?

- Шовзткъе исс жумаIат-маьждиг ду таханлерачу дийнахь Ножа-Юьртан кIоштахь. Ткъа жамаIат маьждиг ткъе исс ду. Делан къинхетамца, де-дийне мел долу а, алсам буьйлуш бу маьждигаш чу боьлхуш берш. И дерриге, уггар хьалха, АллахIан лаамца а, шоллагIа, вайн Хьалхарчу Президенто Кадыров Ахьмад-Хьаьжас болийна некъ бахьана долуш ду.

- Таханлерачу дийнахь дукха хаало вайн Iаьрбойн йоза Iамо лууш берш а, хууш берш а. Иштта Iамо луучарна хьуьжарш юй цигахь?..

- Хьалха Куршлойн кIоштарчу Исламски институтан шиъ филиал яра кхузахь, амма тахана Iедалан регистрацера дIаевлла уьш. Цундела кехаташца хьуьжар лоруш яц и шиъ, амма цу чохь хIинца а Iамош бераш ду. Цхьа даккхий жайнаш Iамош, и ши хьуьжар ю тхан. I7 маьждигехь бераш Iамош меттигаш а ю тхан. Цигахь юьхьанцара дуьйна Iамош ду бераш. Цул совнаха, Бенахь вайн паччахьо йиллийтина хьафизийн хьуьжар а ю. Цу хьуьжарера ялхийтта сов хьафиз а ваьлла. Шовзткъе итт хьафиз ву цу чохь Iамош. Иштта йоккха и хьуьжар ю-кха тхан кIоштахь.

- Вайна ма-хаъара, кегийрхой вайн кхане ю. Цаьрца кхетош-кхиорехь деш хIун белхаш ду шун?

- Дукхахдолу оха кегийрхошца деш долу белхаш муха ду аьлча, хIора маьркIажа ламазан а, пхьуйра ламазан а ярташка дIасадоьлху тхо. Юьртарчу имамаца цхьаьна оха царна беш болу хьехамаш кху тIаьхьарчу хенахь Шема махкахь долчу хьолах боьзна хуьлу. Цигахь дерг «джихад» ду бохуш, Iехабелла карабо вайна тахана цхьаболу кегий нах. Ткъа вайна хууш ма ду, цигахь боьдург жоьлгийн тIом буйла. И тайпачу хIуманах долуш ду и махкана а долу зулам. Цига воьдучун ойла ян хьекъал ца кхочу, ша бахьана долуш шен доьзална а, юьртана а, махкана а шех зулам хуьлий. Бакъдерг дийцича, цу хIуман ойла ян церан хьекъал хилча-м, уьш цу харц новкъа а бевр бацара. Делахь а, хийла хьекъал дерг а караво вайна, къар ца вала бохуш, ша хIаллакьхиларе кхуьссуш. Оцу зуламах дерг ду оха коьртачу декъахь кегийрхошка дIакхачош дерг.
Цул совнаха, наркоманех доьзна а, ваххIабизмах доьзна а долу хеттарш дийцаре до оха цаьрца. Тхаьш царна хьехамаш бечу заманчохь, цу кегийрхоша ладугIуш волу, туркх хуьлийла и, я цу юьртара хьалхара воккхастаг хуьлийла и, билгал а воккхий, цаьрца цхьаьна дIахьо оха кегийрхошца тхайн кхеташонаш. Иштта школашкахь берашца беш бу оха белхаш.
Таханлерачу дийнахь йоI маре яхарх а, хеназа хьалха там-мах барех доьзна хеттарш ду вайн Республикехь къаьсттина дийцаре деш. Иштта царах лаьцна школашкахь а, пIераскан дийнахь рузбанехь а хьехамаш бу оха царна беш. Маьждигехь кегий нах вовшах а тухий, цунах доьзна дерг царна хьоьхуш, уьш цу гIуллакхна дуьхье кхио гIерташ, жигара белхаш ду оха цаьрца дIахьуш.

- Ваха, и билгалйинарг муьлха хан ю? Маса шо кхаьчна хила езаш ю нехан цIентIе йоьдуш йолу йоI?

- Тхоьга схьааьлларг, масала, школа яьккхина яьлла и елахь, цхьайтта класс яьккхина аттестат цуьнан делахь, I7 шо кхаьчча а, махбан магош ду. Нагахь санна школа яьккхина яланза елахь, там-мах бан магош дац. Я нагахь и исс класс а яьккхина, цIахь Iийнехь, кхин школе а ца йоьдуш, берхIитта шо кхаччалц магош дац цунна мах бан.

- Дукха хан юй, Ваха, хьо къедин декхарш кхочушдеш волу?

- ТIедогIучу шеран январь баттахь кхо шо кхочу, со хIокху кIоштан къедан даржехь волу.

- Мел хIуъу дийцича а, къедин болх хала бу, жоьпалле а бу. Цхьаволчо хоржу лоьрийн, я хьехархочун болх, масане, дукха ду-кха вайна говзаллийн некъаш. Царах цхьа некъ юьхьара а лоций веха цхьаверг. Ткъа хьо кху ахь хаьржинчу новкъа валийнарг хIун дара?

- Со кхуза къеда вале хьалха, кхетош-кхиоран центрехь болх беш вара. Ас даим ойла йинарг цхьа хIума ду, сайгара нахана пайда бер бац-те бохург. Суна даим лиъна нахана цхьа дика болх хила. Сайгара царна цхьа гIо-накъосталла эшча а, хазахетта суна. Дала, цхьа сан нияте хьаьжжина, нисбиний-те аьлла хеташ ву со хIара болх сайна. ХIинца суна уггар коьртаниг хIун хета аьлча, масала, дов даьллачарна юккъехь маслаIат до оха. Тахана доккха хIума ду-кха и, дегнашца вовше хераваьлла ши бусалба стаг герга валор. Дов даьллачохь дан маслаIат а хилча, цига воьдуш улло ваккха накъост а хилча, доккха ирс ду-кха и. Вайн Куьйгалхочо тхуна оьшуш мел дерг латтош а ду, тхайна оьшучу хьаькимна тIекхачалуш а ду тхо, тахана боккха Делан къинхетам бу-кха и.
Вайн махкахь чIираш юьтуьйтуш белхаш НР-н Куь-йгалхочо дIадолийра. Ножа-Юьртан кIоштахь хьалхе дуьйна схьаеана ткъе бархI чIир яра, таханлерачу дийнахь царна юккъехь маслаIат дан аьтто баьлла тхан. ТIаккха, цул совнаха, доьзалаш вовшахкъестарах долчу хьелашкахь белхаш деш а ду тхо. Нанна бер ца гойтуш долчу девнашкахь а дукха барт бина оха. Цу беркатечу белхашкахь къахьегарна Дела реза хуьлда Кадыров Рамзанна. Иштта нахана и беркате, дика гIуллакхаш дан аьтто хиларна, Далла гергахь а, хIара некъ сийлахь хиларна, и хир ду-кха со кху новкъа валийнарг.

- Дела реза хуьлда хьуна, Ваха, хьайн хан а йойъуш, тхан хеттаршна жоьпаш даларна.

- Дала Ша реза волчу тобанах дойла вай. Везачу Дала Ийманехь, Исламехь, Ихьсанехь совдохийла вай!

…Тахана лардала Iама а, Iеха ца дала Iама а хан йолуш дара-кха вай. Ойла йича, доккха хIума ду и, шен махкахочо аьллачух ца тешаш, хьена-мила ву а ца хуучух ма атта теша вай. Цхьа а дин а, къилба а доцчу нахе атта Iехадойту вай ваьш. Питанчаш ма бу и зуламе питанаш даржош берш. Уьш Делах кхоьруш а, я дин лелош а нах бац. Тахана динах долу бакъдерг хаа, интернет чукхийда оьшуш дацара вай. Динах дерг хатта дукха Iеламнах бу вайн махкахь. АлхьамдулиллахI, Делан къинхетам бу и. Иштта, Делан къинхетамца, хьафизаш а бу вайн махкахь кхуьуш, дешна кегий нах а дукха бу вайн махкахь, ишттачарах масал эца дезара вай, билггал шен схьавалар мичара ду а ца хуучух а ца оьцуш.
Везачу АллахI-Дала Ша резаволчу нийсачу некъа тIехь нисдойла вай, сан лераме бусалба вежарий, йижарий.

Интервью дIаяхьнарг –
МУРАДОВ Iела

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить