Х1ОРА ДЕ А – ХАЛКЪАН ДУЬХЬА

bc02664240fce39f171e427b570349d9

Шерашкахь гулъелла г1айг1анаш а эшош, хьуо ца везачарна дагах терсмаймал тур 1оьттича санна новкъа а дог1уш, хьуна сатийса а ца хиъна долу мел доккха хазахетар а цхьана м1аьргонна бен ца деха. Аьлча а, масех шаре бен ца долу-кха. Ткъа сихъелла йоьдучу заманна шо а ма яц м1аьрго бен. Цул т1аьхьа цхьа хан д1аяьлча, ларамаза шераш а девлча, цкъа мацах хиллачу ирсан кеп хьахо говза, хаза дешнаш а гулдой, уьш матте-м доху цо. Амма, бакъду, шега ладуг1уш волчунна ойла юхаерззол-м ца хуьлу и.

Ткъа бохам мел жиманиг белахь а, велла д1аваллалц хьан дагца беха. И бийца говза дешнаш а ца лоьхуш, мог1арерчу дешнашца ахь и бийцича а, ладуг1уш верг кхин башха ойланна т1ера вацахь а, цу ойланийн йийсаре-м вуьгу ахь. Ткъа и бохам дагабеъча, х1инццалц хьан кийрахь тохалуш долу дог шозза сиха-м тохало. Ткъа цхьа доккха вон, дагахь дисар-м х1унда дуьйцу, лан а ца ло.

Тахана ткъех шарера ваьлларг вайх цхьа а вац, вайн халкъана кхайкхаза т1ебоьссина и т1еман 1аьржа бала дага ца бог1уш. Масане елхийра цо хийла нана, масане тийжийра цо хийла вешин йиша, я хийла во1, ваша г1айг1ане вожийра цо. Масане хийла да кех, махках ваьккхира цо. Шайна гинарг гина а бевлла, дуург диъна а бевлла, кегийнах санна каде а хьийзаш, къаноша д1абоьхкира шайн доьзалш.

Вала да ца хилча, мостаг1чунна а маьрша хуьлу хийрачу махкахь некъаш. Хьере хиллачу адамаша Деле до1анаш дора: «Я Аллах1, Хьо бен тхан деха вацар-кха, дехча дала вацар-кха, Хьоьга доьхуш хьан г1ийла миска лаьш ду-кха тхо, тхан 1есалле ца хьоьжуш, мискачу до1анна лохьа жоп, Хьайга дехча луш Дела вар-кха Хьо, мостаг1ех маьрша баккхахьа тхан мохк. Ехьа кху махкахь нийсо. Дуьненан Эла вара Хьо, эхартан Дела вара Хьо, тхаьш дуург-м диъна девллера тхо, Хьан пурбанца, Хьан лаамца кху харцдуьненчу баьхкинчу тхан доьзалшна ехьа парг1ато. Хьайга дехар саг1а ца лоруш, Хьайга деха баьхна Дела вар-кха Хьо, хеназа кхелхинчу доьзалшна дилхинчу, г1елделлачу озаца доьхуш, хьанал сискал яьккхина куьйгаш айдина Хьоьга кхойкхуш, Хьоьга доьхуш хьан г1ийла лаьш ду тхо, тхан до1анна жоп лохьа, Я Аллах1 Дела!» – бохуш, дукха дира мискачу наха до1анаш.

Хастамхиларг, цара Шега деш долу до1анаш ца хезаш вацара. Уьш мел собаре бу хьожуш, уьш зуьйш вара. Цу мисканаша динчу до1анашна жоп луш, ша йоккхуш йолу хан Ша реза веш волу Шен нийсачу некъа т1ера Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) ваийтира мохк балех баккха. Делан пурбанца веанчу цунна когтаса, дуьхьало ян ницкъ ца кхочура мостаг1ийн а, к1иллойн а. Шен схьавалар ц1еначу буха т1ера долчу цо лоьхура нийсо.

Б1ешарахь цхьаъ бен ца волу боккъал а шен къомах дог лозуш верг. Маьршачу, нийсачу некъал а атта гезбо къонахчо и некъ. Даймехкан некъаш шен пхенашца дузу цо. Б1ешарахь гулделла дахаран хьуьнарш, цу цхьана къонахчуьнгахь хуьлий те аьлла, хуьлу и оьмаран векал. Вайн баккхийчара олуш дара: «Жа1у воцу жа берзан бага дахаза а, д1асадаржаза а ца 1а». Бакъдолуш, муьлххачу х1уманна 1у веза. «1у воцу даьхни – берзан даьхни» лаа аьлла дац. Иштта цу б1ешаран оьмарехь дехачу адамашна а веза 1у, хьалхавала а, т1аьхьах1отта а. Шен къоман 1у хилла, махкана к1ант хилла, нийсонна б1ов хилла, машарна туш хилла, бакъонна дош хила веара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.

Къонахаллин мах к1иллоша а, къонахаша а буьйцуш ца хиънера цунна. Хазар лере а кхачале, кхетам цу дешан дуьхе а кхиале, болатан дагах дуьйлучу цуьнан ц1еначу сица кхиъна яра бакъйолу къонахаллин кеп. Цу къонах бохучу дешан х1ора а элп шен дахаран чолхечу зиерашкахь легийна дара цо. Шен схьавалар бакъйолчу нохчичун х1усамера ца хилча, цо тийсина дахаран г1улчаш тийсалур яцара. Бакъду, ойла-м хир яра, амма…

Ойланна а ма оьшу ша ойлане яха кхетам а, кхочушъян къонах а. Шерашкахь ойланаш ярах кхиам ца хуьлу. И ойла кхиаме юьгург хьекъале, сирла кхетам бу. Б1ешарахь цхьаъ волу, ойлано цхьа г1улч а тасале, кхетамца цунна дуьхьал ши г1улч а тосуш, и шен ойла къонахчун даше ерзош верг. Ишттаниг цхьана м1аьргонна а, шен ойлаеш вехаш ца хуьлу, цо шен къоман сирлачу кханенан ойла йо. Ишттачех цхьаъ вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобалдойла цуьнан).

…Бусалба нехан къилба хилла лаьтташ йолу Макка-шахьар д1аяьлча, Нана-Дег1аста еза ю бохуш, цунах хьакхалуш мел дерг хьоме ду а бохуш, цуьнан лазам шайн лазам бу а бохуш, цхьа нах бевлира. Нохчийчоьнах а, цуьнан къомах а дог лазар меттан буьххьехь а долуш, дог кхардар дагца а долуш нах бара уьш. Баланаша гатдина къам хазчу дашах атта тешара. «Тешам» – и бара къоман синтем. Къомо синтем лоьхучух, къам 1еха а дина, мостаг1ашна къам доьхкина, цу къомах мах бина бовллуш лаьттара Делан а, халкъан а мостаг1ий. Церан б1аьргашна хьалха х1уьттург – машаре кхийдаш Нохчийчоьнан хьекъаш, сенлуш йолу аренаш яцара, шаьш къам доьхкина бохуш, мостаг1чо шаьш эцначу долларийн сеналла яра церан б1аьргашна дуьхьала лаьттарг. Цу кехатал кхин ницкъ болуш яцара церан стогалла.

…Цкъа мацах хьалха сана, муьлххачу а дашах теша лаьара нахана. Массо дашехь тешам бу а моьттура. Х1етахь Нохчийчоьнна бевллачу «дайша» къам шайх тешаш дуйла а хууш, х1аллакьхиларе дуьгуш дара. Царна хаьара къоман кхин тешийла йоцийла. Шайна бахамаш гулбичахьана, Нохчийчоь сийначу ц1ергахь ягарх а, к1еззиг дог лозура церан. Соьмех йохкаяллал бен ца хиллера и к1иллой. Бакъду, верриге вац соьмах вохкалуш а, я эцалуш а. Цкъа мацца а кхачалуш ду х1ума. Шен юьхь а, чаккхе а йоцуш дац кху маьлхан дуьненахь цхьа а х1ума.

Цу к1иллоша байъина тешам денбан атта ца хиллехь а, къам шех теша-м дира Ахьмад-Хьаьжас. Цуьнан сирла билгало яра иза Дела реза волчу нийсачу новкъахь хилар. Хийла буоберан дог хьаьстира цо, баланаша г1елйина Нохчийчоь екхийра цо. Г1айг1анаша г1елдина къам делийра цо. Хийла шен къомах кхаьрдина нах тешийра цо. Мостаг1чун д1аьвшо дагийна беркат хьекъийра цо.

Цхьаболчарна, мостаг1чун каяьлла, иза дуьненах къаьстина моттахь а, иза бакъ дац. Ахьмад-Хьаьжа Дала шена яккха елла хан а кхачийна вирзира лаьттан кийра.

Тахана иза вайна юкъахь ца хилар бен, вицвелла вац къомана. Я мел дукха хан яларах вицлур а вац. Цо шен ц1е къомо сатийсинчу диканашца мокхазчу йозанца д1аязйина. Цо болийна маршонан сирла некъ денна къагош-гезбеш схьавог1у Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Ахьмад-Хьаьжин к1ант Кадыров Рамзан-Хьаьжа.

Ахьмад-Хьаьжа вайна юкъахь воцу дейтта шо ду, амма цуьнан дахарх лаьцна, цуьнан къонахаллех лаьцна наха эзарнаш йозанаш яздина. Массо а хастаме а, дика а дош хьаьгна ду ишттачу къонахчух ша олийла. Х1ара маьлхан дуьне мел деха ехар ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) ц1е.

Дишни Мурд