ПОЗДРАВЛЕНИЕ ГЛАВЫ ЧЕЧЕНСКОЙ РЕСПУБЛИКИ, ГЕРОЯ РОССИИ Р. А. КАДЫРОВА С ДНЕМ КОНСТИТУЦИИ РОССИЙСКОЙ ФЕДЕРАЦИИ
Дорогие соотечественники! ...

Чеченский филиал РСХБ с начала года выдал физическим лицам свыше 10 тысяч кредитов

С начала 2018 года Чеченским филиалом Россельхозбанка выда...



Сийлахь Мухьаммад (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)

Шех тера кхин цхьа а хир воцуш, комаьрша хилла Делан Элча: шега дехначу хIуманна цкъа а хIан-хIа аьлла дац цо. Массо а нахал комаьрша хилла иза.

Цхьана дийнахь иза волчу деана дезткъе итт эзар дирхIам (дато ахча). Черта тIе охьадиллина, иза декъа хIоьттина Элча (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ахча кхачадаллалц доьхушверг цхьа а юха ца тоьхна цо. 
Иштта, цхьана дийнахь Бахрейн бохучу махкара ахча деана Элчанна. Цо аьлла: «Охьадилла». Мухьаммад волчу деанчух уггар дукха ахча а хилла иза. АллахIан Элча, оцу ахчане дIа а ца хьожуш, маьждиге дIавахана. ТIаккха, ламаз дина ша ваьлча, схьа а веана, улло охьа а хиъна, шена схьа мел гиначунна дIадоькъуш хилла. Хьала а ца гIаьттина (Делера къинхетам а, маршо а хиларг), хьашто мел йолчунна иза дерриге а декъна валлалц.

ХЬЕКЪАЛЕ ЭЛЧА

Элчанан (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцарийн, цо лелийначу гIуллакхийн, цуьнгахь хиллачу Iилманан ойла йича, яздан а, деша а хууш воццушехь, жайнаш дешна а воццушехь, хьуьжарехь Iамийна а воццушехь – шеко юссур яц иза массарал кхетам болуш ву аьлча, массарал хьекъал долуш ву аьлча. Тамаш а бац. Шен уммат нийсачу новкъа ма даьккхина цо, оцу умматах болу нах ша дукхавезаш, шех баккхийбеш, шех Делан дуьхьа шайн синош а, догIмаш а дIалур долчу хьолехь кхиъна уьш дIахIитталц.

ЭЛЧА ДУКХАВЕЗАР
Ухьудан гIазотехь ансарех йолчу цхьана зудчун да а, ваша а, цIийнда а вийна хилла. Шега иштта хабар кхаьчча, аьлла цо: «Делан Элчано хIун дина техьа?». Цара аьлла: «Далла хастам бу, хьуна дукхавезаш ма-хиллара (могуш-маьрша) ву-кха иза». Цо аьлла: «Схьагайтийша суна иза, цуьнга хьожур яра-кх со». ТIаккха шена иза (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гича, цо аьлла: «Берриге бала хьо гинчул тIаьхьа жимбели-кх суна, хIай Делан Элча».

ПАЙХАМАРАН ЭХЬ-БЕХК
Делан Элча массарал чIогIа эхь хеташ хилла. Ша эхь хеташ а, догдика а волу дела, цо цхьаьнгга а цунна ца дезаш долу хIума олуш ца хилла.
Цуьнан эхьхетарх дара цо цхьаннан а юьхь тIехь бIаьрг сацош цахилар. Шена ца дезаш хIума хилча, эхьах а, гIиллакхах а ца вухуш хьахош хилла цо иза.

ПАЙХАМАРАН ТIЕКАРЕНАШ, ГIИЛЛАКХ
Делера салават а, салам а хиларг массо а нахал догдика хилла, массарал бакълуьйш а хилла, массарал дика тIекаре йолуш а хилла. Нах дукхабезаш хилла – уьш шех дIакъахкош ца хилла. ХIора къомах лоруш волчу стеган сийдеш хилла цо. Цунах шен къомах жоьпалла долу, тхьамда веш хилла (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Шен асхьабийн терго чIогIа еш хилла цо. Шеца цхьаьна мажлисехь болчарах хIораннан а лерам беш хилла цо, хIоранна а шел чIогIа лоруш цхьа а вуй-те кхуьнан аьлла хоьтуьйтуш.
Нахана къинхетаме да хилла ву иза. Цунна гергахь бакъонаш нийса йолуш хилла массо а. Нахана елаеллачу юьхьаца дуьхьалкхетар долуш хилла иза, амал кIеда йолуш, берта вогIуш, тIетовш хилла. Шога ца хилла, шена ца деза аьлла, хIуманан тидам ца беш, цуьнан лерам боцуш ца хилла. Шега кхайкхинчунна жоп луш хилла, шена делла совгIат къобалдеш а, цунна дуьхьал совгIат деш а хилла иза (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна).
Анаса аьлла: «Элчанан гIуллакхехь лаьттина со итт шарахь, цкъа а резавоцуш хIума ца аьлла цо соьга. Ас динчу хIуманна цкъа а и хIунда дина ца аьлла, ас ца деш дитинчу хIуманна цкъа а и хIунда ца дина а ца аьлла».
Шен асхьабашца забар еш хилла цо, цаьрца даггара къамелаш деш хилла. Мел генахь велахь а, цомгашчунна зиярт дан воьдуш хилла. Бехкцабиллар доьхуш волчуьнгара бехказло къобалъеш хилла иза. Шена дуьхьалкхеттачуьнга салам хьалха луш хилла цо, шен асхьабашка салам луш, куьг хьалха дIакховдош хилла. Шена тIевеанчун лерам беш хилла, шен бедар цунна дIаяржайой, ша тIехуу цIока, гIайба цуьнга лой, цунна хьошалла деш хилла. Цхьаннан а къамел хадош ца хилла цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна).

ЭЛЧАНАН СИЙЛАЛЛА
Делера салават а, салам а хиларг массо нахал дика нийсо еш хилла, массарал тешаме а, цIена а, бакълуьйш а хилла ша кхоьллинчу дийнахь дуьйна схьа.
Хьарисан кIанта Надрас аьлла къурайшийн нахе: «Мухьаммад ша жима волуш дуьйна а шул массарал бакълуьйш вара, шул массарал тешаме вара. Делан омранца иза Пайхамар хилла веача, аша бозбуанча ву элира цунна. ХIан-хIа, валлахIи, бозбуанча ма вац иза».
Абу-ТIалибан кIанта Турпал-Iелас дийцина, иза (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) массарал а бакълуьйш вара бохуш. Цхьаьнггара а цо динчу хIуманна бехкбоккхуш ца хилла Делан Элчано. Ша волчу мажлисехь массарал а сийлахь хилла иза. Вист ца хуьлуш Iер дукха хилла цуьнан, гIуллакх доцуш къамел деш ца хилла цо. Цуьнан велавалар – къажар хилла, цуьнан къамел – хьукма (сацам) хилла, иза волу мажлис (кхеташо) эхь-бехк долуш, тешам болуш, беркат долуш, кIеда-мерза мажлис хилла. Лекхаволчу Дала кхиийна иза, Цо дика а кхиийна иза. Шен дашехь хаста а вина цо Мухьаммад: «Боккъал а, Хьо ма ву сийлахь доккхачу гIиллакхехь», – аьлла. (Къуръан, 68 сурат, 4 аят).

ЦIАНО ЕЗАР
Пайхамар волчу цхьа стаг веана, хьирчина, ченах юьзна маж а, коьртара месаш а йолуш. Пайхамара омра дина цуьнга, месаш къепе ялае аьлла. Цо аьлларг дина, юхавеана и стаг. Пайхамара аьлла тIаккха: «Хазадерг хIара дац, шух цхьаъ корта (месаш) гIаьттина вогIучул, ша шайтIа долуш санна?» ТIехь боьха бедарш йолуш стаг гина Элчанна (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Цо аьлла тIаккха: «Шен бедар йитта хIума ца карош ву те хIара?». Элча (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) низам дезаш, цIано езаш хилла. Хаза куц-кеп дезаш хилла, хаза хьожа езаш хилла. Низам дацар а, хатI цахилар а, мода а, вон хьожа а ца езна цунна.
Ислам-дино вай кхойкху дегI а, дог а цIена хиларе, бедарш а, хIусамаш а, некъаш а цIена латторе. Иза дуьхьал ду боьха хиларна, гIаланашкахь а, ярташкахь а нехаш урамашка кхиссарна.
Тахана вай кхайкхош йолу цIано Ислам-дино дейтта бIе шо хьалха дуьйна схьа кхайкхош ю.

ЭЛЧАНАН IАМАЛ
Элча (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) лаккхара масал хилла шен вахарехь. Шен дахаран хьаштана даггара Iамалъеш хилла цо. Шен дегIаца а, дагца а, сица а Далла тIе воьрзуш хилла иза, Цунна Iибадат дан ша дIахIоьттича, Лекхаволчу Делан дашо бохург деш: «Ахь лаха Дала хьайна деллачуьнца (хьолаца) эхартан цIа (Дела реза волчу хIуманаш тIехь харжъеш), дуьненан хьайн дакъа а диц ма де. Нахана дика а хила (сагIа даларца), Дела хьайна дика ма-хиллара». (Къуръан, 28 сурат, 77 аят).
Шен бусалба умматна дика хьехар дина цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен дашехь: «Хьайн дуьненан Iамал е, хьуо даим вехар волуш санна, хьайн эхартан Iамал е, хьуо кхана лийр волуш санна», – аьлла.
Исламо кхайкхам бо, дуьненна а Iамал е, эхартана а Iамал е бохуш. ХIокху буха тIехь толам баьккхина бусалбанаха, Исламан юьхь йолалуш, Iаламан баьччанаш хилира уьш ойланашкахь а, Iамалшкахь а.

ШЕН УММАТЕ ЭЛЧАНО ДИНА ВЕСЕТ
Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бусалбанашка дина Лекхаволчу АллахIа шега дина исс хIуманца долу весет: «Къайлах а, гучохь а догцIена хила, резаволуш а, оьгIазвахча а, нийсо еш хила, хьалдолуш велахь а, къен велахь а хIуманан сий-пусар деш хила, хьайна зулам динчунна къинтIеравала, схьалуш воцчунна а дIалуш хила, хьайца гергарло хадош волчух а дIа ма хада, гергарло леладе, хьо вист ца хуьлучу хенахь Iалам кхоьллина волчу Делан ойла еш хила, хьайн вистхилар – Дела хьехор хилийта, хьайн лелар – нахана эца масал долуш хилийта», – аьлла. ХIара дика весет Дала шен Элчане (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхочушде аьлла. Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вайга кхочушде а аьлла.

МУХЬАММАДАН
ВОЗАЛЛА
Наггахь бен ца хуьлучу дикаллин масал дара Мухьаммад (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Шен бераллехь дуьйна цIеналлин масал дара, шен вахарехь шена там ца лоьхуш, юхаозалуш хиларан масал дара иза.
Уггар нийса кхел еш къеда вара иза. Бакъо толош уггар дика куьйгалхо вара, уггар дика кхиорхо вара. Дала уггар хаза гIиллакх, амал шена елла, дика кхиийна, цахуург Iамийна вара иза (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Дала шех боккха къинхетам бина вара. Цо, терго еш, гIайгIа беш ларвина вара иза. Дерриге а Iаламе, Шел тIаьхьа цунна муьтIахь хила аьлла, омра дина Дала: «Элчанна муьтIахь верг – Далла муьтIахь ву», – аьлла Цо (Веза-Сийлахь ву Иза). (Къуръан, 4 сурат, 80 аят).
Цкъа а тIулгашна сужуде вахана вац (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), Делаца накъост лаьцна, тIулгашна Iибадат деш болчу нехан даздаршкахь дакъа лаьцна а вац. Кхачаме долчу адаман, кхачаме масал ду Мухьаммад (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна).
Дукхавезаш, дика стаг ву иза, возаллехь кхачаме волуш, бакълуьйш, тешаме волуш. Юхаозавелла хиларехь, цIена хиларехь цуьнца нисвала цхьа а вац. Мухьаммад (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вевзинарг массо а къера вара, иза са цIена, догдика, хьекъале, тидаме, доьналла долуш хиларна.
Дерриге а Iаламан дика масал ду иза. Лекхаволчу Дала ма аьлла: «Боккъал а, шуна дара Делан Элчанехь хаза масал». (Къуръан, 33 сурат, 21 аят).

КАМИЛ
(КХАЧАМЕ) МУХЬАММАД
Элча (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхачаме гIиллакх долуш хилла. Дала а ма аьлла цуьнга: «Боккъал а, хьо ма ву сийлахь-доккхачу гIиллакхехь». (Къуръан, 68 сурат, 4 аят).
МустIафа тIехдика хилла шен гIиллакхашкахь, тIехдика хилла шен къинхетамехь, тIехдика хилла шен бакълерехь, тешаме хиларехь, тIехдика хилла миска нах дукхабезарехь, цаьрца дика хиларехь, цаьргахьа гIодаккхарехь, церан гIуллакх шел а, шен доьзалел а хьалхадаккхарехь. ТIехдика хилла дуккха а долчу шен Iилманехь, тIехдика хилла наггахь бен хуьлуш боцчу кхетамехь, тIехдика хилла шен чIогIачу ийманехь, шен кхачаме долчу АллахIах тешарехь. ДогцIенчу нахана дукхавезаш хилла иза (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цунах тешна а хилла уьш. Цо кхайкхамбеш дерг дерриге а бакъдеш хилла уьш: зударшлахь Хадижат санна, боьрша нахалахь, Абу-Бакр санна, берашлахь Абу-ТIалибан кIант Iела санна берш.

КЪИНХЕТАМЕ
МУХЬАММАД
Элча (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вевзаш хилла къинхетаме, догкIеда, сацIена хиларца. Адамах къахеташ, хьайбанна а диканиг лууш, нIаьна-кIорни цомгаш хилча, цунна дарба лелош, даха меттиг лоьхуш деанчу цицигна неI йоьллуш хилла иза. Дала цуьнга шега а ма аьлла: «Оха ца вахийтина хьо (хIай Мухьаммад) дерриге Iаламах къинхетам беш бен». (Къуръан, 21 сурат, 107 аят).
МустIафа (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) лаккхара масал дара бусалбанех а, цатешачарах а, доттагIех а, мостагIех а къахеташ, доглозуш хиларна тIехь. Къечу нахах а, мискачу нахах а гуттар чIогIа къахеташ, цаьрца нийсо лелош вара иза. Шех долу бакъдерг хьахош Элчано ма аьлла: «Боккъал, со шуна баийтина къинхетам бу». Веза-сийлахь волчу Дала дерриге а Iаламех къинхетам беш ваийтина бохург ду иза. Цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Къинхетам дIаоьцур бац дакъазаваьллачуьнгара бен» (дакъазаваьлларг къинхетам боцуш хир ву бохург ду иза). Иштта цо аьлла (Делера къинхе-там, маршо хуьлда цунна): «Къинхетамах ваьккхинарг (боцуш верг) дерриге а диканах ваьккхина ву». Иза (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) массаьрца а къинхетаме хилла: ялхошца а, лешца а, хьайбанашца а, олхазаршца а. Массо адамах а, массо са долчу хIуманах а къахеташ хилла цунна.
Цкъа Делан Элчанца цхьаьна новкъа боьлхуш хилла асхьабаш. Шеца ши кIорни а йолуш хьоза гина царна. ТIебахана, кIорнеш схьаэцна хилла цара, хьоза, тIемаш детташ, гонаха хьийзаш хилла. И сурт шена гича, Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьллера: «Мила ву кIорнеш схьаэцна, кхунна бала бинарг? ДIало цунна шен кIорнеш».

ЭСАЛА МУХЬАММАД
АллахIан Элча (АллахIера къинхетам, маршо хуьлда цунна) эсала хилар чIогIа лоруш хилла, куралла чIогIа ца езаш хилла. Ша ма-варра хила лууш вара, моттаргIанаш йоцуш.
Хьал а, ницкъ а, хьаькамалла а ду моттийта гIертар ца дезара цунна.
Доллучу а шен дахарехь дикаллин масал хилла иза, ледарло йоцуш, эсала, оьзда, кIоршаме воцуш, кIеда-мерза.
Iаьрбашна а, уьш боцчарна а Эла хилла иза. ХIетте а, паччахьаллин хIуманаш доцуш, атта Iер-дахар долуш хилла. Сирлачу Мединатахь маьждиг деш, ша болх а беш, дакъалоцуш хилла цо. Шен гIуллакх цхьанна а тIе ца дуьллуш, дерриге а ша кхочушдеш хилла (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна).

МОТТАРГIАНАШ
ЦА ЕЗНА ЭЛЧАННА
Элча (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бакъдерг дезаш, моттаргIанаш ца езаш хилла. ЧIогIа ца дезаш хилла цунна нахана хьалха деса къамелаш деш, маттана говза ву моттийта гIертар а. Цо аьлла: «Нахана ша дагавохийта, къамелийн кийтарло Iамийначуьнан Къемат-дийнахь АллахIа тоба къобал дийр ма дац, маха а оьцур ма бац».
(Iазапах хьалхавала мел дукха мах баларх, цуьнгара иза дIаоьцур ма бацара бохург ду иза).
Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Шух уггар суна дукхабезарш а, Къемат-дийнахь суна уггар герга хинберш а шух хаза гIиллакхаш дерш бу. Шух суна уггар цабезарш, Къемат-дийнахь суна уггар гена хинберш дукха луьйш берш бу, нахана кIордабойтуш, говза къамелаш деш берш бу, мутафайхIикъунаш бу». Цара элира: «ХIай Делан Элча, дукха луьйш берш а, нахана кIордабойтуш, говза къамелаш деш берш а-м бевзара тхуна, мутафайхIикъунаш муьлш бу?»
Цо аьлла: «Куралла еш берш бу».
АллахIан Элчано шен гIуллакх ша деш хилла. Цо олуш хилла: «Шен гIуллакх дерг массарал а хьакъ ву (декхарийлахь ву) иза дан».
Вай эсала а, оьзда а хила лиъна цунна, цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «СагIа даларх – хьал эшна дац. Дала сийлаллехь соввоккхуш бен (Цуьнан) лай (шена зулам динчунна) къинтIера а вер вац. Дала айвеш бен, Цунна хьалха цхьа охьатаьIна а вац».

НИЙСОНАН ДА
МустIафа (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вевзаш хилла нийсо чIогIа ярца.
Эфиопин паччахь Нажжаши волчуьра цхьа тоба еана хилла. Элча ша хилла оцу хьешийн гIуллакхе хьожуш. Цуьнан асхьабаша аьлла: «Оьшуш дерг дерригдина ваьлла хьо». Нийса волчу Элчано аьлла: «Боккъал а, вайн асхьабашца лераме ма хилла уьш, суна а ма лаьа церан лерам бан».
Элча кхоччуш нийса ма хилла Хадижатца а, иза дийна йолуш а, еллачул тIаьхьа а. Цуьнан зудчо Iайшата ма аьлла: «Цхьана а зудчуьнца эмгаралла хилла ма дац сан, Хадижатца санна, цо иза хьахош сайна хезча. Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шена совгIат деача, олура хилла: «Дахьо иза хьенех йолчу. Боккъал а, Хадижатан доттагI яра иза. Хадижат дукхаезаш яра иза».
Цхьана дийнахь Iайшата аьлла цуьнга (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «ХIай, АллахIан Элча, со Хадижатал жима а, хаза а ю, со цул дукхаезий хьуна?». ТIаккха нийсачу Элчано жоп деллера: «ХIан-хIа, валлахIи (ца еза), цхьаммо а има ца дуьллучу хенахь соьца имадиллина яра иза, сан Пайхамаралла кхочушдеш, суна гIо дина яра, массо а халадерг суна дайдина яра».
Боккъал а, АллахIан Элча лаккхара масал хилла нийса хиларехь а, дикаллехь а; ша мостагIчунна дина ваIда а (делла дош) кхочушдора цо, доттагIчунна делла дош санна. Цуьнан доллучу а дахарехь хааделла дац, цо ваIда дохийна аьлла я дош кхочуш ца дина, я адам Iехийна аьлла, иза мостагIех хилча а. Цхьана Iаьрбичо аьлла: «Мухьаммадна цхьа хIума йоьхкинера ас. Цунна дош а деллера, иза волчу дIавогIур ву аьлла. Амма, вицвелла, кхо де даьлча дагадеара сайн ваIда. Иза волчу вахча, Мухьаммад шен меттехь карийра суна. Со шена (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гича: «ХолчахIоттий-кха ахь со, кхузахь хьоьга хьоьжуш волу кхо де ду-кха со», – алар бен, кхин хIумма а ца элира цо. Дала цуьнга Пайхамаралла далале ду иза.
Цуьнан нийса хиларан тоьшалла ду, цамгар чIагIъелла, ша валарчу вирзича, минбар тIе хьала а ваьлла, цо аьлла дешнаш: «ХIай мухIажирийн тоба, ансарашца дика хилалаш. Адамаш алсамдовлуш ду, ансараш алсамбовлуш бац, боккъал а суна (кхерамах) кIелхьарволийла карийна (долу сан цIа санна) сан къайленна тешаме хилла бу уьш, царах дикачунна дика хилалаш, царах вон хIума даьллачунна къинтIера довлалаш (таIзар ца деш виталаш)».
Нийса волчу Элчано (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), дуьненчуьра ша дIавахале, ансарашна дика хила аьлла весет дина. Иштта ду-кха цуьнан нийсонан, адамаллин, къинхетаман, накъосталлин, доттагIаллин, тешаме хиларан масал.

СОБАРЕ ЭЛЧА
Мухьаммад (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вевзаш хилла, шена цхьа бохам хилча, вон деача, сатухуш хиларца а, собар долуш хиларца а. Лекхаволчу Делан дашо бохург деш: «Хьайга деанчунна (балина) собаре хила, боккъал а, иза (Дала) сацамбинчу гIуллакхех ду». (Къуръан, 31 аят 17).
Элча шена тIебеана бала ловш, чIогIа собаре а, сатухуш а хилла, Маккарчу нахах а, уьш боцчарах а, шена вон диначунна гечдар доьхуш, олуш хилла цо: «ХIай АллахI, гечдехьа сан къомана, боккъал а, уьш ца хууш (ца кхеташ) бу-кха». Иза (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Макки чу вахана, цо къурайшех болчу цатешачу нахана тIехь толамбаьккхинчу хенахь, уьш кхерабелла хилла, шайгара чIир эцарна. Элчано цаьрга аьлла: «Ас шайна хIун дийр ду аьлла хеташ ду шу?». Цара аьлла: «Диканиг дийр ду, хьо тхан сийдолу ваша ма ву, сийдолчу тхан вешин кIант ма ву». ТIаккха Элчано аьлла: «ДIагIо, маьрша ду шу».
Царна къинтIера волуш, цо (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Боккъал а, Юсуф Пайхамара шен вежаршка ма-аллара олу ас шуьга: «ТIехтохам бац (соьгара) шуна тахана. Дала гечдийр ду (дойла) шуна. Иза ву уггар къинхетаме верг». (Къуръан, 12 сурат, 92 аят).

С. МУРТАЗАЕВ

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить